Нахана - хьогамна, пекъаршна - напха
Нагахь санна, хьо хьонка бохка Iалашонца араваьллехь, хьан кисанахь хила еза ишта бакъо-кехат.
Сай-бодий къастале арабовлу юьртахь хьонке боьлхурш.
Эвлайистехь вошахкхета хьонке боьлхурш.
Яккхий машенаш бен ца яхало хьуьнан кIоргене.
Дог цIена шофер Исраил.
ТIехьаьжина хенара елахь а, шина тIама бухахь яьллинехь а, тахана а сом даккха таро ло кху автобусо.
Ишколехь мукъаденош доллучуьра арабевлла кегийрхой хьонке баха.
КIентий кийча бу-кх, хьаннаш листа, аре йовза, хьонка баккха!
Бумматан хьаннаш башха тешаме яц, дуьхьалкхета тарло я акха экха, я тIамах йисина минанаш.
Кхуьнан Iалашо - дама чохь лаьттина жима гали хьонкех дузар!
ТIаьхьабисинарш тIе а кхуьуьйтуш бо некъ.
Шелвеллачунна вохвала таро ю, довха чай а молуш.
ТIехула сингаттаме хьийзара беракеманаш.
27 шо ду хIара стаг хьонке оьху.
Шен доьзална, хьонка а бухкуш, рицкъ латтадо зудчо.
Сарралц ягайо цIе, довхха латтадо чай.
Деса гали ирахь ца лаьтта, юург ца йиъча, болх дIа а ца боьду.
Тоххара санна луьста бац тIаьхь-тIаьхьа хьонка а.
Нохчаша цкъа а ца лоьху атто.
Де доца ду, цундела катоьхна хьонка баккхар тоьлу.
Довха худар даа а ца хиллера атта!
Хьонка боккхуш.
Йоллехьорца гучубоккху гIашлахь хьулбелла хьонка.
Транспорт еса ца юьгу хьонке - тIанк-олий юзу.
Хьонка оьцурш схьакхаччалц...
Хьонкера цIа богIуш юьртан йисттехь машенаш ю дуьхьала яьхкина, мехах хьонка схьаэца.
26 кила хили цаьршиннан галичуьра хьонка.
Бахархошкара хьонка дIа а оьций, базарахь кхин а беза дIабухку.
Схьало баккхинчо хьонка, ахча кийчча ду!
Тахана хаза гIуллакх хили сан!
Мачех цIанбеш бу хьонка.
Ма атта ца хиллера хьонка баккха!
ХIора доьзалехь шен-шен кепехь кечбо хьонка.