Кремлерчу питано ПIаьнказа кхачийна гуьржийн президент

Гуьржийчоь --ПIаьнказа, 2016

Шаьш долчохь зуламхой боцийла дIагайта лууш, оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей хьошалгIа кхайкха кийча бу Паьнказ-ЧIожера бахархой

Оьрсийочьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс ПIаьнказ-ЧIожехь дуьненаюккъара террористаш бу алар, сов чIагIдеш дийцира, цара Iамораш деш а ду аьлла. Оцу буьллучу бехкана дуьхьала цхьа моггIа дIахьедарш дира гуьржийн Iедало.

ДIадахначу мукъачу деношкахь, президента Маргвелашвили Георгий ша а вахара цига, шеца йоккха тоба а йигира цо, коьртачу декъанна, кхечу пачхьалкхашкара векалш а болуш.

Оцу меттигна го а баьккхина, бахархошца цхьанакхийтира Маргвелашвили а, цуьнан накъостий а. Ала догIу, кесст-кесста Москохо шаьш хьехор кIордийна хиларх а аьллера цара баьхкинчу хьешашка.

Паьнказ-ЧIожехь бехачу кистойн къанойн кхеташонан декъашхочо Хангошвили Хасухас Маршо Радиога иштта дийцира оцу визитах.

Хангошвили: «Лаврос шен дIахьедар динчул тIаьхьа, кхузахь хьал муха ду хьовса баьхкина бара уьш. Бакхий нах а, къаной а гул а бина, цаьрца цхьанакхетарехь къамел дира оха. Кхузахь цхьа а зуламхойн тобанаш а яц, террорхой кечбеш а бац, аьлла дIахаийтира-кх оха».

ПШаьнказ-ЧIаж, тахана Тбилисина уггаре гена йолчу Гуьржийчоьнан регионех цхьаъ ю. Ша-дерриг дац церан дахарца кхочуш а хилла, токхо йолуш. Амма Лавров вагIахь, шайн хьоле а, цо а, иза векал волчу Оьрсийчоьнан Iедало а, тIекхуллуш йолу цIе а йицйина, и меттигехула чекхаваккха йиш ю шайн, элира кистойн къанойн кхеташонера векало Хангошвили Хасухас.

Хангошвили: «Шена лаахь, Лавров а вогIур ву. Шена лаахь, шен гIовс а воуьйтур цо. Массанхьа оха хьовсуьйтура бу уьш. ХIара йоккха меттиг а яц. Цхьана куьйггал бен меттиг а яц хIара. Цхьана сахьтехь гобаьккхина вера ву».

ПШаьнказ-ЧIажара вахархочунна Хангошвили Хасухина хууш ду, шаьш даиманна вочу хаамашкахь Оьрсийчохь дуьйцуш дуйла. Цуьнан бахьанаш а девза цунна. Амма хьалха хилла болу бала, тахана бац шаьш долчохь, элира цо.

Хангошвили: «Оцу оьрсаша и къамелаш даиманна деш ду. Кху Паьнказ-чIожехь тIемалой буй, кхидерг дуй бохуш. Шайна оьшучу хенахь айдо цара и гIуллакх. Бакъду кхузара цхьаболу кегий нах галбевллера. Вайнехан гIуллакх дац Шема а, Iаьрбийн мехкашкахь а тIом бан».

Паьнказхойн цхьа а шеко яц Оьрсийчуьрчу Iедалша шайх лаьцна хIума алар-Гуьржийчоьнан Iедалшна Iаткъам бан лууш хилар дуйла. Аьшпаш а, эладитташ а, даржийча, цуьнах боьхалла юьсу, аьлла билгалдаьккхира кистойн къаночо Хангошвили Хасухас.

Хангошвили: «Царна дика хууш, ду харц дерг дийца. Церан Iалашо ю иза. Ахь дуккха а дийцича хала хуьлу цуьнах цIанвала. Хьалха а ма дуьйцура цара иза. Иза бакъ а долуш-м ца дуьйцура цара».

ПIаьнказ-ЧIоже а вахана юхавирзича, журналисташа хаьттинера Гуьржийчоьнан президенте Маргвелашвили Георгийга, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца цхьаьна а кхетта, цо аьлларг дийцаредан кийча вуй хьо аьлла. Иза шен барамера накъост вац.

Оьшуш хилахь, цуьнца цхьанакхетар дийр ду гуьржийн арахьарчу гIуллакхийн министро, аьллера цо.

Оцу даржехь волчу Джанелидзе Михаила, журналисташа шега изза хаьттича, жоп делла: "Шайн Оьрсийчоьнца а, цуьнан къомаца а, бертахь даха лаьа, амма шайн тIегIанехь цхьанакхетарш дан хьелаш хилахь дийра ду аьлла".

Гуьржийчоьнан агIоно дуьйцуш долу хьелаш ду, Оьрсийчоьно шайн латта дIалацар а, цу тIехь шен эскарш цо латтош хилар а.

И дIадаьккхича, шина пачхьалкхна юкъахь юьззина юкъаметтигаш меттахIитто кийча бу гуьржий.