Украинан экономикан министро дитина дарж

“Мехкан Iедало хIиттийна яккхий Iалашонаш чекх ца йовлуьйту” бохучу бахьанийца шегара дарж охьадиллина Украинан экономикан министро Абромавичус Айваруса. “Тахана ас сацамбина дарж дита, коьрта бахьана ас мохк денбан юьхьара лаьцна Iалашонашна блокаш хIиттор ду” – аьлла цо журналисташца къамелдеш кхаарийдийнахь.

Литовхо Абромавичус лурчаха Iай хIоттийнера экономикан министран дарже Укрианан хьал дендан Iалашо лаьцначу президента Порошенко Петрос. Цунах, “тоьлла реформатор, дика министр” ву элира дукха хан йоццуш Украинерчу Iамеркан Штатийн векало Пиатт Джеффрис.

Махкахь цхьацца политикан хьажамаш болу фракцеш вовшашца къийсамашкахь йохкучу юкъанна нисделла Абрамавичуса дарж дитар.