Оьрсийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а прессано кеп-кепара дуьйцу мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзана пIераскана Хьалха-Мартанахь бехачу Закаев Ахьмадан, Ичкерин дозанал арахьарчу министрийн кабинетан лидеран, гергарчаьрга а вахана дина къамел. Прессо бахарехь, Кадыровс ЗакаевгIаьрга аьлла, уьш сепаратистийн хьалханчийн доьзал бара аьлла, ша ницкъ бийр бац царна, уьш шена гергара хета, аьлла.
Оцу хьокъехь ВВС агенталло шега деллачу хаттарна жоп делла Закаев Ахьмада. Шен позици хьалхалерраниг ю, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигаш “Масхадовс а, Ельцина а хIоттийначу машаран кехатан хьелашца йогIуш хила еза”, “цигахь мел леларг перспектива йолуш дац”, массо а вахархо Iедалан закъалтехь а волуш, шен воьрзийла дац даймахка, аьлла Закаев Ахьмада.