Кхечу туьканел йорах яц "Лента".

Соьлж-ГIалахь Ханкальская урамехь деношкахь схьайиллина гипермаркет "Лента".

Iаьржа чайнан къоьлла хир яц.

Соьлж-ГIалин бахархоша зийра туьканара кхачанан мехаш.

ЧIерашна гонах хьийзарш а бацара кIезиг.

Кеп-кепара баьпкаш.

Тортийн йокъалла яц!

Оьцург хаьржина ваьллачул тIаьхьа сихха аравала таро луш дуккха а ю кассанаш.

Муттан мехаш шайн юьртарчаьрца дустуш ю хIара зуда.

Котамийн, бежанийн, говрийн йоьхьаш.

Бахархой базарахьчул а йорах хиларе сатуьйсуш гулбеллера гипермаркетехь.

Моцарелла, товв!

Рицкъ дораха хиларе сатуьйсурш.

Соьлж-ГIалахь йиллина Оьрсийчуьрчу "Лента" гипермаркетна юкъайогIу туька. Экономикан кризис марсайолучу муьрехь и туька йорах хиларе сатуьйсуш бахара цига дуккха а нах.