Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан сацамца Нохчийчуьра 14 шарера 35 шаре бевлла кегийнах декхарийла бу оьздангаллин паспортийн дай хила.
Оцу паспорташтIехь билгалдаьккхина хир ду муьлхачу къомах ву, стеган тайп-тукхам, доккху вирд.
Иштта, "паспортизаци" къобалйина махкарчу муфтиято а, аьлла Нохчийчоьнан Парламенто яздо шайн сайта тIехь.
Парламентан депутата Маликов Адама Кадыров Рамзанан омрица цхьаьнакхетарш дIадаьхьна хIинцале а Iалхан-Юьртарчу юккхерчу школан дешархошца.
Цигахь цо кхачам боллуш бавзийтина "паспортизаци" дIаяхьаран барамаш.
Цунна хетарехь, "оьздангаллин паспорташ" юкъадахар чIогIа мехал ду, къаьсттина кху карарчу хенахь.
Тахана кегийчу нехан дог-ойла тило гIерташ хьийза цхьацца йолу экстремизмалле тобанаш, яздо депутата Маликов Адама, цундела кхин хан а ца йойуш, вай къийсам латтон беза оцу харц пропагандица.
Нохчийчоьнан прокуратуран терахьашца тIаьххьарчу шина шерачохь ницкъаллин структурийн белхахоша «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанца уьйрашкахь хилла 20 жимстаг лаьцна.
Цундела кхуьучу чкъорана массо а хIуманал хьалха оьшург ду иза кхетош-кхиор, нийсачу новкха дахар.
Ши бутт хьалха оцу бахьанашца махкарчу бахархошца хиллачу гуламехь Кадыров Рамзана берийн дай-наношна тIедожийра, шайн доьзалашна тIехь сема Iуналла латтор, кIоштийн куьйгалхой декхаре бира бахархой юкъа а балош кхеташонаш кхолла, тIекхуьучу чкъураца кхетош-кхиоран болх дIакхехьа.
Оьрсийчуьрчу Академин Iилманан белхахочунна Соколов Денисана хетарехь, «оьздангаллин паспортизацино» къоман барт эгIор бу, цо адамаш тобанашка доькъу.
Оьрсийчуьрчу хаамийн а, аналитикан а «Сова» центран куьйгалхо Верховский Александр а ву шен хьажам болуш.
Иза ца теша, оцу кепаша Шема сатуьйсучу кегийрхошна некъ боьхкург хиларх.
Хууш дац, стенна юкъаяьккхина и керла кеп. Маршо Радио кхоазза зIене елира Нохчийчуьрчу Динан урхаллица.
"Паспортизаци" къобалйина махкарчу муфтиято, аьлла Нохчийчоьнан Парламенто дIахьедар динехь а, Маршо Радио зIене яьлча, цу хьокъехь шайн цхьанне а кепара дала жоп дац, шаьш юкъадаьккхина а дац, аьлла, доцца жоп делира тхуна Валид цIе йолчу Динан урхаллин белхахочо.
"Паспортизаци" юкъаяьккхинчу Парламентан белхахошка 5-зза телефон тоьхча а, оцу хаттарна жоп дала охIла волу стаг а ца карийра.
Тхан дехьа-сехьа хилла къамелаш иштта дара. Уьш оха ладогIархойн тергоне доху, Нохчийчохь мел баьрчче яьлла еха бюрократи гайтархьама.
Your browser doesn’t support HTML5