Къоме эс дита боху...

Дагалецамаш чорда, беркъа хуьлу тешаш эхарта дIа мел оьху а. Сталина, аьлча а, цуьнан лаамаш кхочушбечу миллионо тIехь Iазап латтийначу дай-нанойн берашна дуьсу тахана Депортацин Де дагалеца.

Амма уьш а бац шайн дагалецамаш охьабалхо маьрша – Кадыров Рамзанна ца лиина къам махъкахдаккхарна бехкейолчу Кремлна дагахьбаллам хилийта - рузман кхечу маьIIе дIатеттина лайнарг далхо нахана кхочу бакъо.

Цундела ду вайна мехала тешийн аьзнаш.

Къонахаллах воьхна ма лорийла дех-ненах, йиша -вешех ваккхар, дийна воллушехь жоьжахатIе кхоссар дагалоьцуш велхаран мIаьргоне воьжна нохчо. Мила вуьсу дог ца доьлхуш шаьш лайна Сибрех баккхийчара юьйцуш?

Шеларчу Хаджимурадов Iумара дийцира Маршо Радиона шен дагара цкъа а ца дериг.

Your browser doesn’t support HTML5

Махкахдахарх

Къоьзан-Iомана гергахь вина, хьалакхиина, цигара махках вохийна Мохьмад. Цо иштта дагалоьцура ломара лаьхкина, Соьлж-ГIала охьа а даьхна, хьелийн гIутакхашка а лецна, Азе шаьш дIадигина де а, мур а.

Your browser doesn’t support HTML5

Махкахдахарх

Ломан юьртарчу шайн чохь дууш-молуш баьхна, шайн дайн духар, куйнаш лелош, шайца тIекаре лелла НКВД-н салтий махках шаьш дохуш шайца мел къиза бара, тешнабехк цара муха бира, дийцира Маршо Радиога кху воккхачу стага.

Your browser doesn’t support HTML5

Махкахдахарх

Селхана хилча санна, лайначух цхьа а хьаса ца божош, дагахь кхаьбна Къематде кху зудчо а.

Your browser doesn’t support HTML5

Махкахдахарх

Шелахо Iаьрби ву хIара дагалецам битинарг.

Your browser doesn’t support HTML5

Махкахдахарх

Гаьмчигарчу Джабраилова ТIаусна дерриг а лаьттина дагахь. Цо дийцира новкъахь, цIерпошт а сацабой, шайна шаьш ца далийта олий, луш хуьлу кхача муха бара.

Your browser doesn’t support HTML5

Махкахдахарх

Казахстане, ГIиргIазойчу, лайла, бардал-Iаьзин шелонашка кхийсинчу шаьш хIун хьийгира, муха нисделира дIакхаьчча дахар, дагалоьцу Эна-Хишкарчу Какаева Меднас.

Your browser doesn’t support HTML5

Махкахдахарх

Бакъду, шайн дукхаллехь мерза а, вовшийн дола деш а баьхна вайнах депортацехь. Амма хилла адаман ледарло тIехулайолуш меттигаш а. Джабраилова ТIаусан дагалецамера.

Your browser doesn’t support HTML5

Махкахдахарх

Мел жима бахьана даьлча а, набахтешка кхуйсуш, цигахь дуккха а IаьIначу вайнаха, набахтешкахь гIаттамаш а латтийна. Джезказганерчу набахтера аралилхинчу цара бехха тIемаш а тIехь бина НКВД-н эскаршца, дашна ала.Дерриг а лелла нохчашлахь Депортацин шерашкахь. Къар цалуш, Iедало дехьа-сехьавала хIиттийначу бехкамашна ца къарлуш, дахаре некъ лоьхуш, доьзалш къен баларх Iалашбархьама къоланаш деш лелла.

Хилла Iедалера шайна тIекарло лохуш мотт беттарш а.

Хилла кхин хила йиш йоцу къизалла шайн нахаца лелийнарш а.

ВорхI бер а долуш, цIийнда новкъахь тилларх, шаьш лоьхуш а лелаш, дуьххьарлера кхо шо иза воцуш даьккхина Казахстанехь Маршо Радиога массех шо хьалха лелларг далхийначу, хIинца дийна а йоцчу Теркйистерчу НогIамирзин-Юьртарчу Товсарис.

Шуна тIехь да вац, белхан куьйгаш дац аш пачхьалкхана делла, цундела шуна хIумма а ца йогIу Iедалера, бохуш, кхеран бепиган бархI карта доладерзийна хилла оццу Теркийстерчу цхьана новрхочо.

Юккъехула шаршо а оьзна, шина декъе екъначу чоьнна чохь бехаш хилла кхеран а, оцу стеган а доьзал. Цуьнан доьзало дуучу бепигна тIетIекхаш хилла цкъа цхьаъ, тIаккха важа, ши ваша – Хьасан, Хьусайн. Вукху дозалан дас мийра тухий, кхуссий юхавоуьйту бохура ши кIант, цаьрга цуьрг ца кховдош.

Товсарис шен карахь вала хIоьттина, цкъа цхьаъ, юха важа, ша тIекъевлина Iашшехь, шелваларх лаьцна дуьйцура юх-юха, ша эхарта ерззалц. Иштта делла цуьнан карахь-марахь ялх йиша-ваша. Да кхо шо даьлча тIекхиина доьзална.

Бераш мацалла дайина новрхо вехира хIара тIаьххьара зама герга гIортталц, амма Товсарин дас дихкинера тIаьхьенна оцу стаге бехкбоккхуш дош ала а.

Хьалхо дагалецамаш вайна хезначу Гаьмчигарчу Джабраилова ТIаусан йишас Мизана дийцира Маршо Радиона нохчашна мотт бетташ нохчий а лелла хиларх лаьцна.

Your browser doesn’t support HTML5

Махкахдахарх

Яьлла зама, бакъду, къам даима а дилхина дер дац ша лайначух, деза иза дахаре дIагIерта. Амма иза дац теттина ша лайна баланаш эсера дIа а хьаькхна, шен дгалецамаш цо дIабайъича, ирсе кхочур ду бохург.

Iедална оьшу хир ду хилларг-лелларг диц а дина, къомо шен муьтIахьаллин рогIера чIагIо гойтийла. Хьакъдолчу Iедална хилла, хир а бу вайнах муьтIахь. Амма дац цхьаьнхьа а яздина, аьлла, хьегна бала бицбина къам дикане кхаьчна, зовкхе даха хиина.

Селханенах масал ца эцча, хьаьвззий юха богIу хьегна баланаш – цундела оьшу къоманна ша-ше кхиош, кхетамца дахчадеш йолу дагалецамийн, историн хьаркаш.

Ткъа и хьаьркаш-м яц нохчийн кортошкара цхьаьнгге а яйъалур.