Герзаш диттина Украинехь

Украинан куьйгалло а, оьрсех болчу Донбассерчу сепаратисташа а вошашна тIе бехкаш дехкина, герзаш совцор ду аьлла бина барт бохорна. Украинан Малхбалехь агIонаша вовшашна тIе даккхийн герзаш диттина кхаарийдинахь. Украинан тIеман министраллан пресс-гIоьнчалло бинчу хаамашца, дийнахь-буса сепаратисташа 84-зза герз кхоьссина.

Ткъа оьрсийн эскарша дIахьедо, Украинан эскарша Донецкехь, Горловкехь лаьттачу шайн каппашна тIе 30-за герз тоьхна бохуш. Киевехь немцойн, францхойн арахьарчу гIуллакхийн министрш вовшахкхийтира шинарийдинйнахь. Цара тIеман хьелашкахь лаьттачу ницкъашка дехна Минскехь бина барт ларбар.