Эльжуркаев Мохьмад: "Бекхаман новкъахь"

Нохчийчохь керла жайна арадалар шатайпа беза кхаъ бу хIора а къоман литературах доглозучу нохчочунна. И кхаъ вайна хIинца беанарг ву яздархо Эльжуркаев Мохьмад.

Your browser doesn’t support HTML5

Эльжуркаев Мохьмад: "Бекхаман новкъахь"

«Бекхаман новкъахь». Ишта цIе ю кху муьрехь араяьккхинчу жаргин. Цуьнан автор ву чекхбаьллачу Дечкен-баттахь 70-ваьлла, махкахь дика вевзаш волу исбаьхьаллин дешан говзанча Эльжуркаев Мохьмад.

Цу кхоллараллин белхан кхачо йоллуш мах хадош, дош аьлла нохчийн литературан къаночу Берсанов Хожа-Ахьмада. Цо яздо: «Эльжуркаев Мохьмада оцу шен повест тIехь вуно говза,йоккхачу исбаьхьаллица гойту Iалам,хенахIоттамаш, и йоьшуш верг бIаьстенан хазалле а, маьлхан серлоне а воккхуш, гуьйренан токхене а кхачош.

Цо нохчийн хазачу гIиллакхашца гойту доьзалехь вовшашца йолу юкъаметтигаш а, лерам а, къинхетам а. ТIекхуьучу тIаьхьенан кхетам кхиорехь боккха пайда хир болуш ю Эльжуркаев Мохьмада язйина «Бекхаман новкъахь» повест».

Берсанов Хожа-Ахьмада цу кепара хастаме дош аьлла ирта а шеко а йоцуш мехала ца хуьлийла а дац. Цу исбаьхьаллин «стоьмах» авторна шена хетарг довза тхо и вехачу Хьалха -Мартана кхевчира. Ахь айхьа стенах ю эр дара «Бекхаман новкъахь»? Цу хаттарна тIера доладелира тхан къамел.

Мохьмад: «Имам Шамал заманахь хиллачу наибех лаьцна йолалуш ю иза. Цуьнан вешин кIант кхиъначул тIаьхьа, оцу оьрсаша бинчу ницкъана тIе Iедале баьхкинчара шайна ницкъ бан болийча, оцу Кутас а, кхечу обаргаша а йинчу дуьхьалонаххий ю-кх. Коьрта турпалхо обарг Кута ву.

Оьрсийн салташа зуда а, доьзал а байина витина хилла Кутин да. Цу хенахь хIара дуьненна тIе ваьлла а вац. Цул тIаьхьа зуда ца ялош къанвала воьлча, гергарчара доь доцуш ван ма гIерта бохуш, тIеIаткъам бича ялийначу зудчо вина ву Кута. Хеназа да а кхелхина девашас Эзас кхиийна ву иза.

И обарг валар а нисло дагалецаме, цхьана оьрсийн эпсаро дIа тетина нохчийн йоккха стаг охьатухуш яйча. Ишта харцонна дуьхьал гIаттамхо лара тарлуш ду-кх Кута».

Маршо Радио : Мохьмад, и ирта язьян волалуш цхьа ала Iалашо хилла хьан. И айхьа ала гIортийнарг хьайга аладелла аьлла хетий хьуна?

Мохьмад: «Цу тIехь со гайта гIоьртинарг вайнехан доьналлла, къонахалла, собар, гIиллакх- оьздангалла. И дерриге сайга аладелла аьлла-м хета суна. Кутин ненаца а, зудчуьнца а уггар хьалха гIиллакх-оьздангалла гайтарехь аьтто хилла сан сайна хетарехь…»

Маршо Радио: Тахана хьехархоша а, яздархоша а дуккха а хIума дайделла лору. Дахарехь гуш а ду иза. Нохчийн гIиллакх-Iадаташ шена деза долу дела, перза долу дела ваьллий те обарг. Салташ охьатоьхна йоккха стаг ца гуш санна Iийча а ма волура иза! И юххе хIоьттина вогIучу тIехьийзачу йоIана цо хIун леладо а ма ца хаьа юьхьанца! И тергамза дитча а ма волура иза. Амма и сурт лан ца делла-кх цуьнга?

Мохьмад: «И ду-кх вайнехан доьналла, къонахалла, дайн Iадаташ цунна мехала хилар. Хьалакхуьуш болчу кегийчу нахана тахана цкъацкъа бен ма ца хетий цхьаццадолу хIумнаш, шаьш хIуъу а лелийча а. Ткъа цаьргахь, цу заманчохь дайшкахь йолчу доьналла ца гуш санна Iа ца витна иза. Нохчийн яхь а ю цигахь. Нохчалла боху кхетам хилла царна беза. И еза ца хиллехь цо и гIулч ца яккха а тарлора. И нохчалла ларьян а,дIакхехьа а ма деза доьналла. И гайта гIоьртина-кх со цу тIехь..»

Шен «Бекхаман новкъахь» повестах дийцина Эльжуркаев Мохьмада исбаьхьаллин дош ахкаме дилларехь, зерехь, дацорехь хийра стаг цахилар го цу хIиттина Iаламан суьрташ девзаш, цо кхоьллинчу турпалхойн дахар, цара гездина къонахаллин некъаш девзаш.

«ХIара кхузахь эшаре техьа, дIогахь кхечу кепара аьллехь гIолехь хир дацара те» бохучу маьIнехь дешархо шеконашка кIезиг вуьйлуьйтуш башха кхоьллина коьртачу турпалхочу обарг Кутин васт.

Цо ша къамелехь билгал ма даккхара доза доцуш дика гайтина нохчийн хIетахьлера Iар-дахар а, лераме Iадаташ а. ТIех куьце хIиттийна Iаламан суьрташ а. Масала: «Мархаш а йоцуш, бух боцчу сийналлехь къегинчу малхо довха латтадора хIаваъ…ЦIен, можа, басаршца къегина кечделла ораматан дуьне лепара адамийг дегнаш хьостуш…».

Дукха хьолехь цхьа дийна долуш санна, цхьа хиламашца дозаделчу санна, дешархо ойланийн бухбацаре вохуьйтуш ду Эльжуркаевн Iаламан сурт хIоттор. Кхечу меттехь цо яздина: «Эзар шерашкахь ма-яххара, хийла да гIайгIане ойланашка вохуьйтуш, хийла ненан дог дохош дIаяха новкъаяьллера Нохчийчохь кхин цхьа буьйса а».

Мел шорто йолуш ду Таркхойн хIордах долу хIара сурт а: «Iуьйренца гIоттучу малхо къагийна, тийна Iуьллучу хIорда тIера геннара дуьйна гуш яра хIорд тIехула айаелла Iуьллу гIайре а, берда тIе эсала керча тулгIенаш а».

Эльжуркаев Мохьмад исбаьхьаллин дешан хилла ца Iаш ненан меттан а говзанча хилларан тоьшалла ду, цо оьш-оьшучохь далош долу шира, дукха яздархоша а ур-атталла пайдаоьцуш боцу дешнаш.

Масала «жахьталла»-неприязнь бохучу маьIнехь, "хипаьшкаш"-ракушки, "элдар» -стройный ишта кхин а.кхин а. Шеко а йоцуш, вайнехан истори, мацах-мацах хилларг, ненан метан кIоргалла йовза хьагам болчарна дика исбаьхьаллин стом бу Эльжуркаев Мохьмада кхоьллинарг.