...Ткъа вирд лелош а вацахь?

Your browser doesn’t support HTML5

"Оьздангаллин Паспорт" - харцо


Жимма хьалхо официалан хааме даьккхинера махкахь синмехаллин-оьздаллин ала царах я ийманан ала царах паспорташ даха мур бу дIаболош аьлла.

Амма цу кепара анкета кхоллар хьокъехь Оьрсийчоьнан юкъараллехь и кIоршаме низам талхор ду аьлла гIовгIа яьлча,урхаллехь болчара даре а ца деш,паспорташ дохуш хилар бакъ ца дира.

Бакъду карарчу хенахь ярташкахь Iедалхошща жигара дIахьуш ду бен-бен хеттарш тIехь долу анкеташ царна жоьпаш а долуьйтуш юзуш. Мила ,мичара ву,телпо ноьмар ,болх-некъ, кхидерг, дIаяздарал сов,билгалдохуш тайпанаш а,вирдаш а.

Цу юккъе дIалатош ду жоьпаш деллачуьнан сурт а. Ишта кхин цхьа меттиг –дакъа а ду цу тIехь,кIел куьг дилла дIаяздина: «Ас тоьшалла до сайн динан а,къоман а.пачхьалкхан а мехаллаш ас ларйо,сунна лераме а хиларх. Ас пурба ло сайх лаьцна дийцинарг хьашт-дезаре дерзо». Ишта яздина ду анкетехь. Цу бухахь ши билгало ю,кIел сиз хьакха безаш «Реза ву», «Реза вац» аьлла.

Анкеташ тIехь долчу хеттаршна жоьпаш дала кхаж бевлларш бу 14-на тIера 35 –нне кхаччалц шераш долу бахархой. «КIел диллина цхьа хIума-м дац те» аьлла, шеконаш лелхаш а, дукхахболу могIарера нах кхеташ бац и болх-кампани стенна йолийна.

Къаьсттина тамаше хета царна цу анкети тIехь тайпанех а, вирдех а хеттарш хилар. Герггарчу барамехь,жима-воккха хиларе хьаьжжа ишта жоьпаш хазадо наха молла а, юртда а, полисхо а коьртехь волуш араяьлла лелачу тобано юьртахой хьесапе оьцуш,анкеташ юзуш, бечу балхах.

«Синмехаллин,оьздаллин» паспорташ яздан Iалашонца болийначу балхо,бIоста-бIостанехьа хеттаршка буьйлуьйтуш,сакIамдина цхьаболчу бахархой. « Эххар тIаьхьа даьхнешна санна,гучче бохуш тIе мухIар детта а, лерга ноьмарш охка а мА буьйлалахьара нахана. Кхарна и дагадахьахь а тамаш бан меттиг ца йисна кхуза-м». Ишта ойла кхобурш а бу. Царех ву Старопромысал кIоштера 53 шо долу Бухади.

Бухади: «Паспортизаци йийр яц аьлла даьккхинера цара цкъа, юха а буьйла-м белла юьртахула. Иза эрна ахча а,хан а яйар ду-кх, соьга хаьттича. Тайпанаш,тукхамаш,вирдаш а стенна дуьйцу? Иза а ца хаьа.Низамо магош а, хIинццалц хилла а хIумнаш-м дац уьш. Цара и анкеташ язйича а бакъ сурт гучудер ду аьлла а ца хета суна. Шайна аьттонна, хила тарлучу бохамах а ларлуш цхьаболчара пуьташ а ма буьтту.

Суна хууш тхан юьртарчу цхьамма ша Доккин вирдехь воллушехь Кунта-Хьажин вирдехь ву аьлла дIаяздайтина. Яздайтина Iедалехь берш а алссам цу вирдехь болу дела. И саннарш кIезиг мА бац. Суна хетарехь тамаш бан хIума дац кхана бежнашна санна нахана бирканаш олу ноьмарш етта йолийча а».

Вуно маьIне а лоруш, кхузахь цу тайппа тийна-таьIна дIаболийна болх юха а коьртах баьлла Оьрсийчоьнан юкъараллехь. Политикехь охIла болчу дукхахболчу тергамхоша а,бакъонашларьярхоша а кIоршаме низам талхош а, адам лахдеш эхье а лору,кхиазхошна а, кегийрхошна а шатайпа.кхечу цхьана меттехь доцу паспорташ даха аьлла, юьхьарлаьцнарг.

Къилбаседа Кавказехь болх беш йолчу проектан Дуьненаюкъарчу кризисан тобанан директор Сокирянская Екатеринина хетарехь и паспорташ даха аьлла болийна болх гергариш кегийрхой хьокъехь дукхаре эго а ,кхоно цхаъ нислахь цаьрга жоп деха а болийна болх бу. Сокирянскис Iаламат бехке а,лартIа доцуш а лору и дIадолор.

Ша цхьа хьекъале,кIорге йолуш хIума олу а моьттуш,дIахьедар хааме даьккхина оьрсийчоьнан президент волчохь адамийн бакъонаш ларьечу кхеташонан декъашхочо Шевченко Максима.

Цу кепара анкеташ язьяро нохчашна диканца гIо дахь бен вон болх бийр бац аьлла хьажам бу цуьнан. Цуо яздо: « Цу анкето,нагахь лаьцна меттиг хилча, я сацийча, харц тоьшаллаш деш ницкъ бан болийча…. Цхьанхьа Ставрополехь я Кубанехь… нохчийн кIант маршаваккха а,ур-аттал вуьйчура кIелхьарваккха а тарло...»

Ишта яздина Шевченкос. Стенна лоьцуш а,леца безаш а бу те юха а нохчийн кIентий? Лецча а ницкъ стенна бойтуш бу царна президента тIома кIел хиъна Iачу бакъонашларьярхочо? Цу кепара тIебазбелла лаьттачу кхерамах хьалхабовла цу анкеташ-паспорташа гIо деш хилча ерриг Оьрсийчохь а стенна ца дохуьйту уьш? Цу могIарера хеттарш дукха ду вайнехан.