Машенаш хахкар демонстраци лорур ю Оьрсийчохь

Путин Владимир.

Машенаш хохку раллеш демонстрацеш лара бакъо лучу низаманна тIе куьг таIийна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цу низамаца а догIуш, четар хIоттор лорур ду Iедалша пикет яр санна.

Цу низаман проект кечйинера Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 2015-чу шарахь Гезгмашин-баттахь. Ткъа кху шара Чиллан-беттан 16-чу дийнахь Пачхьалкхан Думо, иза бухе а йиллина, хийцамаш бира митингех лаьцначу низамана тIехь.