Туркойчоьнна цо доьху финансийн а, политикан а хьелаш хила тарлучу хьесапехь чекхъяккхина Евробертан лидерша шайн кхеташо Брюсселехь пIераскана. Мигранташ шайн махкал чекх ца бовлуьтург, уьш Желтойчу ца кхочуьйтург шена финансийн гIо а оьшу Евробертера, шайн пачхьалкх цо шен декъа оьцийла а оьшу, аьлла дIахьединера туркоша. Кхеташо доккхачу декъанна реза ю и хьелаш хилийта, нагахь санна Европе оьхучу мухIажирийн дукхалла Туркойчоьно гIиллакхе сацош меттиг ягIахь.
Туркойчоьнан премьер-министра Давутоглус дIахьедина, ша догдоху Евробертаца юкъара некъ кароре, аьлла. Амма цо элира, шаьш Европана хьалха уьлтиматум хIоттош дац, гуманитаран гIулч йоккхуш ду мигранташца доьзна. Эгейн хордал дехьабевлла, Желтойчохь Iен мигранташ Туркойчу юхахьовсо некъ бу Евробертан президента Туск Доналда лоьхург – иза кхочушхила герга ду хIинца.
Бинчу бертаца а догIуш мигранташ шеггара Туркойчоьнера дIа а оьцуш, кхачош хир бу Европе. Ткъа Туркойчохь сеццачу мухIажирийн кхачоеш Евроберто лур ду 6 миллиард 6 бIе миллион евро. Иштта сихдан сацамбина Туркойчоь Евроберта юкъаэцар а. ТIаьхьо алсам дуьйцур ду оха кхуьнах лаьцна тхайн программехь