КIирандийнахь хенал хьалха дIабаьхьначу Казахстанан парламентан харжамашкахь, официалехь доцчу жамIаша гайтарехь, 82 процнент кхаьжнаш а гулбеш, тоьлла Iедалехь йолчу Назарбаев Нурсултанан парти.
Кхочучу хаамца, харжамхойн 77 проценто лаьцна цигахь дакъа.
Советан Iедал доьхчхьана схьа хилла цхьа а харжам бац Казахстанехь «маьрша» а, «нийсонца а» дIабахна, Малхбалено къобалбина.
Маршо Радион корреспондеташкара кхочучу хаамашца, хIинца харжамашкахь а тергаллуш хилла цхьацца харцонаш.
107 депутатах лаьттачу мажлисе президентан "Нур Отан" партина дуьхьалхIоттийна вацара нахалахь цIе лелачу лидерех цхьа а.
ШолгIачу меттехь ю, цкъчунна динчу жамIашца – 7 процент – «Акх Жол» парти.