Брюсселна дина тIелетарш
Брюсселна генайоцучу Завентем аэропортехь дохийначу англешна уллехь лаььа салти. Брюссел, Зазадоккху-беттан 22-гIа де, 2016 шо.
Лелхийтарш хиллачул тIаьхьа гуш ду аэропортчуьра хьал.
Iамерке доьдучу кеманна тIе хаа хан ларъечу чохь хилла эккхийтарш.
Некъахой а, аэропортан белхахой а эккхийтарш динчул тIаьхьа арабаьхна гIишлочуьра.
ЦIерпоштачуьра Артс-Лоис, Малбек соьцийлашкара арабуьйлу некъахой эккхийтарш хиллачул тIаьхьа.
Метрочуьрчу цIерпоштан некъатIехула дIаоьху бохамна кIелхьара баьхна нах.
Эккхийтаро метрочохь дина зен.
Сихха вовшахтоьхначу метрон белхахойн ницкъашца лазийначарна гIо деш ду.
Эккхийтарш хиллачул тIаьхьа лазийнарш кIелхьара боху Белгин салтичо а, полисхочо а.
Орцанхой а, полисхой а метрон социйлехь.