Лаххара 33 стаг велла, Белгера кхочучу хаамашца, Брюсселехь аэропортехь а, метрон сойцийлашна а гергахьдинчу лелхийтаршкахь. Иза «кIиллойн, бIаьрзечу нехан» ду, аьлла, шен мах хадийна мехкан прембер-министра Мишел Чарлза.
Шинарийн Iуьйранна Завентем аэропортехь шиъ а, цул тIаьхьа метрон станцешкахь кхоъ а – пхи эккхийтар дина. I3 стаг аэропортан кеманаш гIовттучу бига нах вовшахтухучу декъехь вийна, 20 - метрона гергахь.
Зуламех цхьаъ, ша а оьккхуш, дина талорхочо. Аэропорт а, гIалара ерриг транспорт а сацийна яра лелхарш хиллачул тIаьхьа. Европан мехкашкахь зуьйш, полицино тергоне эцнера аэропорташ, адам алсам гулло кхин меттигаш.
Iабдеслам Салахь цIе йолу, Парижехь биъ бутт хьалха 130 адам а дуьйш, талораш дарна бехке хета стаг Брюсселехь Iедало лаьцна диъ де даьлча дина хIара лелхийтарш.