Палмира йоккхуш ду Асадан эскарш а, Оьрсийчоьнан кеманаш а

Шема -- Оьрсийчохь йина Т-72 танк ю тIом беш, Палмирана гергахь, 22Заз2016

Палмира гIала йоккхуш, «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанашца шаьш бечу тIамехь мелла а аьттоне гIулчаш яьхна Шемин Iедалан эскаро а, церан уьйранчаша а, аьлла, дIахьедина хьолан тергоечу Британехь куп тоьхначу бакъоларъяхоша-шемахоша.

Кххарийдийнахь цара бинчу хаамца, президентан Асадан ницкъаша, Оьрсийчуьра даьхкина гIодечу кеманашца цхьаьна, долаэцна стратегехь еза лору Палмирера цхьацца меттигаш. И хаам бинарг ву Лондонерчу шемахойн бакъоларъяран юкъараллин директор Рахьман Iабдел.

ЖихIадхошкара тIаьххьарчу цхьана шарахь эха шарахь дIаяьхна алссам территореш. Палмира шайн каракхаьчча «Исламан пачхьалкх» тобано хIаллакбира ЮНЕСКОН-о дуьненан мехаллашка баьхна хилла цигара хIолламаш.