Лукашекно: Украинера тIом дIаберзалур бац Iамерка юкъахь йоцуш

Беларус - Лукашенко Александар Минскехь цхьанакхетта Iамеркин тIеман министран когаметтаца Карпентер Майклца. Минск, 30Заз.2016

Украинин малхбалехь дIайоьду кризис дIаерзалур яц Iамерко дакъа а цалоцуш аьлла дIахьедар дина Беларусин президенто Лукашенко Александара. Иштта комментарий йина цо Кхаарин дийнахь Минскехь Iамеркин тIеман министран когаметтаца Карпентер Майклца шен цхьаьнакхетар дIахьош.

Беларусин президентана хетарехь, «нагахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа "кхана Украинин малхбалера тIом дIаберзо а лиина цу агIор масийтта гIулч яккхахь, жижиг Iохьу машен соцур ю".

"Iамерка кху дуьнентIехь хьалхаяьлла йоьду пачхьалкх ю хIора пачхьалкхо юкъаметтигаш лелош йолу", - элира Лукашенкос. Цо лаккхара мах хадийра Минскан а, Малхбузенан а "юкъаметтигаш тояларан". И юкъаметтигаш керлачу тIегIантIе евлла бохуш вара Лукашенко. Чиллан-баттахь Евроберто дIаехира Беларусина дуьхьал 5 шо хьалха ша кхайкхийна хилла санкцеш.