Your browser doesn’t support HTML5
ТIаьххьарчу хенахь ишколашкахь кест-кеста хьехархошна а, дешархошна а юкъахь гучуюьйлучу конфликтийн тешаш хуьлий дIахIуьтту вай.
ХIунда аьлча, хIоранна а карахь мобилан телефон ю. Дов долалушшехь, классерчу дешархочо хуьлуш дерг къайлах дIа а яздой, интернетчу кхусу.
Социалан машанехь ши бутт хьалха шуьйрра дийцаредеш, кар-кара оьцуш хьуьйсуш видео яра Шела кIоштарчу цхьана ишколехь къона хьехархо къизаллица берех леташ.
Иза хиллера нохчийн мотт, литература а хьоьху Сулиманова Марет. ВидеотIехь гуш ду, хьехархочо шога, шийлачу маьхьарца дешархошца ден къамел, кхерабелла, уккалш таIийна Iен бераш, цунах тоам боцуш яьIничу рогI-рогIана тIара детта йолало хьехархо шина кIантана.
Кеп-кепара тидара хьовсархоша гуш долу сурт. Цхьаболучара хьехархо нажжаз йора, вуьйжуш хьехархочунна тIехIуьттура, алапаш кIезиг ду хьехархойн, цуьнан бехк а бац дера хилча, бохуш.
Бераш кхузаманан юхахьара ду, дай-наной бу бехке, уьш жимчохь дуьйнна кхетош-кхиорехь болх ледара барна, аьлла хьажам берш а бара царалахь.
Нохчийчуьрчу прокуратурех а дIакхийтира хьем ца хуьлуш и видео. Хьехархочунна хьалха бехктакхаме гIуллакх айдина, зераш динчул тIаьхьа, дахначу шинарийцдийнахь, кхело сацам тIеэцна Сулиманова Маретан хьокъехь.
Школехь педагоган низам хьехархочо дохийна хиларна тIе а тевжаш, Iедална 250 сахьтана яца тIедожийна Шеларчу школан нохчийн меттан хьехархочунна Сулиманова Маретна. Цул совнаха, яьккхина цуьнгара бакъо 1,5 шарна хьехархочун болх бан а.
Амма дина таIзар тIех кIеда хета прокурорна – бехктакхаман кодексо магадо иштачу хьолехь стаг набахте хьажо а, шина шаре кхаччалц Iедална вацо.
Реза бац Маретан белхан накъостий а, Iедало хьехархочунна къастийначу таIзарна.
ТIех кIеда лору цара а бина бекхам. Ур-аттала, гIуда а ца хьарчийна цуьнах, набахте хьажор-м дуьйцур а дацара. Тамаша бу-кх, кхи дIа йолчу хенахь, оцу хьехархочунна дайша-наноша шайн бераш тешадахь, бохуш.
Дукха хьолехь нисло, шайн болх, шайн некъ, шайн кепаш хьехархоша бакъеш, мел нах шайна реза ца хилча а.
Делахь а, Нохчийчоьнан хьехархо вац оьшуш кхечу мехкашкахьчул а. Харцо шен доьзалехь елахь а, гуш бу царех дукхахьберш.
43 шарахь ТIехьа-Мартанарчу кIоштан цхьана ишколехь юхьанцарчу классашкахь хьехархочун болх бина Саламова Залпаа. Цунна гергахь а, атта дац школехь болх бан, амма ша бакъ хьехархочунна хала дац берийн дагтIе некъ билла, бохуш, дийцира цо Маршо Радионе.
Саламова: «Хьалха а, хIинца а нехан берех лета йиш-м яц! Масала, корта шарбанза ишколе бер деанехь, я куьйган мIара хадонза, даим сайн тIоьрмичохь яхк а, тукар а лелийна ас. Церг ю шайн малъелла, лесташ аьлча, и бер Iеха а деш, цуьнан церг яьккхина ас.
Сайн долуш санна лелийна ас и бераш. Юхьанчарчу классашкара беран тухур яра аьлла я дага а ца деана.Тахана сайн а ду сан бераш, йоьIан, кIентан, сайчарна тоха а луур дац суна. И да-нана схьа а кхайкхина, дIавалхор ша ду дешархо, вуьшта латар нийса ца хета. Берах латарна бехке суна хьехархо хета».
Иштта хаттам бира оха Нохчийчуьрчу цхьаболчу дайшка-наношка а. Мила ву-те бехке тахана школашкахь гIуьттучу конфликташна? Соьлж-ГIалара ву Руслан а, Зелим а, иштта къамел хилира тхан цаьршинца.
Руслан: «Суна дехьаранаш, сехьаранаш IадIийча гIоле хетар-кх. кхи дIа ша шех дIадоьрзур дара и хьал».
Маршо Радио: Оцу хьехархочунна хьалха хьайн бер нисделлехь, оцу хьехархочо хьайн бер вукхарна хьалха сийсаздаьккхича муха хетар дара хьуна?
Руслан: «Ас и хьехархо хIетте а бакъ во, и хьехархо хиларна, бехк сайн доьзалхочун бийр бара ас. Амма кхи дIа йолчу ханна и тайпа хьал сайн берана тIехь дойтур дацара».
Зелим: «Соьга хаьттича, хIинцалера бераш харцахьа а ма ду. Тхо кегий долуш хиллар аьттехьа а дац. Тхо-м тхайга "IадъIе, совца" аьлча, IадъIан хууш а дара. Эхь хетара, бехк хетара. ХIинца дер, цхьана агIор оцу берана ницкъ ца бича, кхетар ду ала хала ду. Со тахана хьехархо велахьара. оцу берех летта хир вара, дукха хена дуьйнна.
Оцу хьехархочух со дика кхета. Шега дIа бохург схьалоцуш, я кхетош ца хилча, цхьаъ ца дичап ма цап долу. Эцца шен сихъеллачохь, моха еанчохь тоьхна хир ю цо. ЦIахь бер харцахьалелча. тоха а мега. дов дан а мега, амма школехь тоьхча, вай и ца магадо».
Дара я дацара хьехархочунна, шен а бераш долчу зудчунна бахаьана нехан берашна, шен дешархошна етта? Къовсамехь лаьтта и хаттар Нохчийчохь. Ойланаш шалхаевлла лела.