Пакистанан премьер-министр Наваз Шариф коррупцица воьзна

Оршотдийнахь Пакистано бакъ ца дина, шайн пачхьалкхан премьер-министран Шариф Навазан доьзал оффшорийн импери кхоьллинчу пачхьалкхашкарчу куьйгалхошца а, церан гонашца а бозуш хилар. «Панамера Кехаташ» цIе тиллинчу коррупци толлучу говзанчийн тобано а, дуьненаюкъарчу журналистийн консорциуман декъашхоша а Iорадаьккхина хьаькамаша а, совдегарша а оффшорашкахь миллиардаш долларшкахь ахчанаш къайладахьар.

«Панамерчу Кехаташа» яздо Пакистанан премьер-министран Наваз Шарифан 3 доьзалхо а ву бохуш. Марьям цIе йолу йоI, шен ден дарже хаон кечъеш йолу, кIентий Хьасай, Хьусай. Гучудаьхначу кехаташна тIехь яздо Навазан берийн цIарх Лондонехь бахам хилар, оффшорийн компанешкахула йоцучу фирманийн банкийн чоьташ тIера арадаьхна ахчанаш хилар.

Миллионашкахь адамаш къоьллехь дохкучу, хьоладайша Iедална йоккха ял лучу Пакистанерчу хьаькамаша оццул харцонаш лелор лазаме ду бахархошна