Нохчийн яздархойн жайнаш экстремизмалле лерина

Масех де хьалха ницкъаллин структурийн белхахошца шайн цIера лаьцна дIавигинчу Ибрагимов Ризванан, Дидиев Абубакаран белхаш экстремизмалле бу аьлла хаам бо махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало. Цу шимма арахецначу жайнаша а, социалан машанехь дечу йозанаша а девнаш, къийсамаш латтабора юкъараллехь.

Ши яздархо кхо де чохь сацийна даккхийтинчул тIаьхьа маьрша ваьккхина. Арахецале мехкан куьйгалхочо Нохчийчуьра яздархой, Iилманчаш гулбина, царна гергахь сийсазвина, Iеламнанаха тоба а дайтина, цIа вахийтина Ибрагимов а, Дидиев а.

Цаьршиннал цхьа де хьалха вигинчу иллиалархочух Бетелгериев Хьусейнах тахана а цхьанне кепара хаам бац.