Арктикерчу лайн тарха тIехь орца доьху "Чехкачу тобано" ("Летучий отряд")

Нохчийн «Чехка тоба» (Летучий отряд) олу леринчу ницкъийн дакъа а, Оьрсийчоьнан ВГТРК телегойтийлан массех белхахо а дуьненах хаьдда бисина Арктикерчу лайн тарха тIехь. Арктике говзалла совъяккха бахана бу нохчийн ницкъахой.

Iамораш цара дIахьочу юкъанна уьш тIехь дIатарбелла ша дакъошка буьйлуш лелхабоьлла. Оцу кеппара бисина «Чехка тоба» шенан тархех цхьанна тIехь, кема чудосса некъ а боцуш.

Зорбано бечу хаамца, кIезиг бу ницкъахошкахь бисина кхача а. Царна тIекхача аьтто лоьху Оьрсийчоьнан эскарийн орцан дакъоша.