Некъайистошца напха лоьху нохчийн базархоша

Нохчийчохь дуккха а ю некъан йистошкахула хIиттийна базарш. Мехаш "Беркат" базарахьчул а лахара хуьлу, хIунда аьлча, дукха хьолахь шайн бошмашкахь кхиийна стоьмаш, хастоьмаш бухку бахархоша доьзале напха кхачорхьама.