Карабахехь герзаш долийна юха а

Эрмалойн сепаратисташа чIагIдарехь, Карабахехь азербайджанан эскарша тоьхначу герзашкахь вийна эрмалойн тIемало. ТIаьххаьрчу иттех шерашкахь ца хиллачу кепара марсадевллачу азербайджанхойн, эрмалойн тIематийсадаларшкахь кху кIиранашкахь иттанашкахь байина. Оьрсийчоьно герзаш совцорхьама юкъарло долийначул тIаьхьа а, кест-кеста хеза дуьйлу герзаш.

Азербайджанан декъатIерачу Карабахехь беха нах берраш а эрмалой бу. 20 шо сов ду Карабахехь конфликт йолаелла. Азербайджанан президента Алиев ИлхIама кхаарийдийнахь Туркойчоьнан куьйгалхочуьнца Эрдоган Реджепца йийцаре йира Карабахера конфликт.