Риман Папа Желтойчохь

Риман Папа Франциск Желтойчу вахара шоьтаденна, Европе дIа ца бохуьйтуш, мигранташ IаьIначу меттигашка кхача. Миллиард сов католикийн коьрта мозгIар волу Франциск ялх сахьтехь Iийра мигрантех яьккхинчу Лесбос гIайри тIехь. Шеца дIавига къастийра цо 10 мухIажир а – иза дуьххьара дац, цо хьалхо Ватиканехь тховкIело елира шина мигрантийн доьзална а. 8 шемахо а, 2 овхIанхо а хьажийра желтоша Риман Папица дIа.

Амма майра гIулч ю Франциска яьккхинарг, овхIанхой бац Европехь тIеоьцучу мухIажирех, яздо прессехь. Кху шера чохь Шемарчу тIамах уьдуш, Туркойчуьра Лесбос тIе а кхаьчна, хIордаца кIелхьара бийла гIертачу нахах дуккха а белла хичохь. Билгалонаш а йоцуш лаьтташ дуккха а керла кешнаш ду оцу гIайри тIехь.

«ХIара мохк гезбар боккхачу сингаттамца ду сан» - элира Франциска журналисташка ша Римера гIаьттинчу кеманца воьдуш.