Your browser doesn’t support HTML5
АДАМАЛЛА
Вайн ломахь дастаме
Лерина хьаша,
Нагахь цкъа хIума ша
Йиъначул тIаьхьа
И велахь юха а
ТIеийзош кхача,
Тхьамда а шуьн тIера
Ваьллашехь вуха.
Вайн дайша дукха луьйш
Лерина къонах,
Нагахь, цкъа къамел ша
Диннашехь пхьоьханахь,
Бистхила кхиазнаш
Боллушехь гонах,
Юха а, цIеххьашха,
Цо шена дош дехахь.
Нийсса цкъа топ тоьхна,
Цо экха дожадарх, –
ХIетте а иччархо
Стешха ма лерина,
Iуьллучу экханна
ШолгIа а топ тохахь, –
Кхерарна цо шена
Цхьаъ дарна цIеххьана.
Вайн юьртахь бере а
ХатI доцуш хетта, –
Iодика цкъа йина,
Ваьллашехь говра,
Воьссинехь нах болчохь
Юха и лаьтта –
Схьаэца лаьттара
Шен доьжна йовлакх.
Амма вай девллачу
Яхь йолчу лаьмнашкахь
Бехказа иштанаш
Битна а, боху,
Нагахь шайн некъашкахь
Цара дIалелийнехь
ГIиллакхаш, вайнехан
Ламастца догIу.
Дастаме цкъа а
Ца лерина хьаша,
Вуьззиншехь, шолгIа а
Шуьне и хаарах,
Нагахь шел тIаьхьа чу
Веана хьаша
Юучух кхетийта
И цуьнца охьахаахь.
Вайн дайшна дукха луьйш
Ца хетта къонах,
Нагахь цкъа къамел ша
Диннашехь пхьоьханахь,
ШолгIа дош, собаре
ДIасхьаьжна гонах,
Тхьамдина баркалла
Ала цо дехнехь.
Иччархо стешха а
Ца хетта ломахь,
Нагахь, цкъа топ тоьхна,
Дожийнчу экханна
ЦIеххьашха хьажийна,
ШолгIа топ тохарх, –
Цо хьоьгу лен бала
Бацбан лаарна.
Вайн юьртахь бере а
ХатI доцуш ца хетта,
Iодика цкъа йина,
Хиъннашехь говра,
Воссарх и юха а
Говрара лаьтта,
Охьайоьжна къеначун
Iаса дIакховдо.
Вайн нана-лаьмнашкахь
Вайнаха уггар
Лакхара лерина
Собар, стогалла,
Делахь а царел а
Лакхара гуттар
Вайнаха ма лору
Бакъ адамалла!