‘Мурацан' цIе йолчу Ереванерчу дарбанан цIийнехь чоьвнаш йинчу шина эскархочуьнан хьал вуно чолхе ду бохуш мах хадабо лоьраша. “Кавказан Узел” хьалха дийцина ма-хиллара Карабахехь тIеман тIийсадаларш хиллера охан-беттан 2-гIа денна тIера 5-гIа тIекхаччалц. Охан-беттан 13-чу дийнахь Эрмалойчоьно дIахьедира луьра хиллачу тIеман тIийсадаларшкахь 88 вийна аьлла. Охан-беттан ткъе 26-чу дийнахь Эрмалойчоьнехь, “Мурацан” цIе йолчу дарбан цIийнехь Карабахера 53 стаг вара Iуьллуш.
ТIеман коьртачу дарбанан цIийнарчу векалан дешнашца, таханлерчу дийнахь, Карабахера 36 эскархо ву цу дарбанан цIийнехь. Цо схьадийцарехь, шина эскархочуьнан хьал вуно чолхе ду, ткъа цхьана эскорхочунна - чолхе ду.
“Кхераме чевнаш йоцурш гарнизонерчу дарбанан цIийне дехьабаьхна, я балхах мукъабаьхна, садаIа хьовсийна”, - аьлла, билгалдаьккхира тIеман дарбанан цIийнехь.