Шуьйтарчу администрацин хьаькам бехкево

Нохчийчохь бехкатаккхаман гIуллакх долийна Шуьйта кIоштахь. Цу кIоштара цхьана юьртан урхаллан куьйгалхо хилла стаг бехкево администрацин хьашташна эцна ийбар шен дола яккхарна. Цунна дуьхьал дIахьочу талламо гучудаьккхира, бюджето администрацина ийбар эца къастийначу ахчанах, цу куьйгалхочо ийбар эцна а, шен хIусам чухIоттийна хилар. И ийбар эца Iалашона бюджета къастийна ахча дезткъа эзар сом дара.

Оьрсийчоьнан талламан комитетан белхахочо Кавказ-Узелан корреспонденте элира: “Охан-беттан 24-чу дийнахь Шуьйта кIоштарчу цхьана юьртан куьйгалхо хилла Гайтамиров Султанна дуьхьал бехкатаккхаман гIуллакх долийна.

Иза низамхоша дIалаьцна, цо шен даржах пайда а эцна, Iедалан бахам шен дола баккхарна шеконашца. Цунна набахти чохь даккха масийтта шо, я доккха гIуда тоха а мега.