ШолгIа кхаьжнаш теси сербаша

Сербин парламенте кхаарийдийнахь шозлагIа а тесначу кхаьжнаша гойту мохк евроберте кхачон Iалашо йолчу премьер-министран Вучич Александран прогрессан партин рейтинг лахъелла хилар. Iедале кхача оьшу 5 процент кхаьжнаш баьхна Малхбаленца гергарло хилар пачхьалкхана зене лоручу боламаша. Царна кхочу 250 меттигех 13.

Евроберте мохк кхачо луучарна дуьхьало еш хир ву и 13 депутат. Вучичан партина 131 меттиг кхача тарло – цуьнан карахь хир бу мехкан коллам кхидIа а, амма хьалхачул 27 меттиг кIезиг бу цуьнгахь хIинца. Харжамаш буьйлабелира Вучичан лаамца, шена нахера алссам тешам беза аьлла цо хеназа харжамаш дIабахьар халкъе дехча.

Хьалхарчу турца итт де хьалха чекх а ца бевлира харжамаш, харцонаш лелор Iора а даьлла, хIинца шолгIа кхаьнаш таса баханера сербаш.