Дагестанехь адвокат бехкево тIемалошца уьйр латторна

Дагестанехь цIе йовзуьйтуш йоцу адвокат лаьцна, цо тIемалошна 50 эзар сом дIаделла, аьлла. Талламчаша бахарехь, лурчах Хунзахан кIоштарчу ХIоцатль юьрта йистехь тIемалойх а кхетта, уьш дIасабуьгуш а лелла.

Стохка цаьрга юург а, ахча а дIаделла адвокато ТIлох юьрта йистехь. Лацарца доьзна адвокатан декхарех мукъаваьккхина иза, хаамбо Дагестанан Талламан комитето.