Your browser doesn’t support HTML5
Белгин коьртачу шахьарера Нийсонан Кхерч, и кхел шена чохь дIайоьдуш йолу, и бахьана долуш вуно дукхачу полисхоша ларъеш ю. Процессехь дов хоттура ду 16 стаге, амма царех бехкебечаран гIенташкахь Iаш 7 бен вац, шайх дукхахберш Брюсселана генайоцуш Iуьллучу Вервье цIе йолчу жимчу гIалара а болуш.
Уьш, и 20 шарера 38 шаре кхаччалца хенаш йолу кегий нах кху шеран дечкен баттахь Вервьехь дIаяьхьанчу терроран дуьхьалчу леринчу операцехь лийцина бара. ХIетахь Iедалхошца дIаса герз деттарехь цу тобанера ши стаг вен а вийра.
Ткъа тобан куьйгалхо ларалуш волу Абауд Iабдулхьамид, ала дашна, желтойн махкара схьа царна омранаш луш хилла волу, даханчу шеран лахьан баттахь Парижана дина хилла тIелатарш кечдинарг лору талламхоша.
И стаг и тIелатарш хилла кIира даьлча Францерчу Сен-Дени гIалахь вийра Iедалхоша. Ткъа хIинца кхелехь жоьпе озийначарна юккъехь коьрта бехкевеш верг ларалуш ву Эл Бали Маруан, Мароккора орамаш долу Верьвен вахархо. Амма и Эл Бали а, цуьнца цхьаьна кхеле озийнарш а цу тобанера уггаре а кхераме декъашхой ца лору Iедалхоша.
Боккъал а кхераме берш бевдда кIелхьарабевлла ларалуш бу.
Белгерий, Францерий, Нидерландашкарий, Мароккора орамаш долу и исс стаг, Брюсселерчу прокуратурана хетарехь, я Шемахь ДаIишан могIаршлахь къайлабевлла я цигахь тIемашкахь кхелхина. Кхело дийцаре дийр ду, террорхоша хIинцалца схьа лелийна долчу талоршца цхьаьна, цара дан кечдина хилларш а.
Ткъа уьш, и цара дан лерина хилларш, вуно инзаре хIумнаш ду. Масала, Белгин Iедалхоша чIагIдарехь, террорхойн тоба кечам беш хилла, цу махкара муьлха а цхьа лакхарчу даржера политик я кхелахо, я полисхойн хьаькам вада а вина, цуьнан камершна хьалха корта баккха а, и видео тIаккха интернетехула Малхбузенна ДаIишера кхерам тассар санна яржон а.
Лийцинчеран петаршкахь карийначу гIирсо гойту, церан и планаш кхочуш ян таронаш хиллийла а – полисхошна карийнера кегий нах бехачу хIусамашкахь Калашниковн масатоьпаш а, лоьлху гIирсаш а, ДаIишан пропагандин материалаш а. Нагахь санна кхело лийцинчеран бехк тIечIагIбахь, царна ДаIиш тобанехь хиларна а, террорхойн тIелатарш дарна а пхеа шарера пхийтта шаре кхаччалца хенаш тоха йиш ю.
Брюсселехь террорхошна тIехь йолаеллачу процессо чул башха кхин хIуммаъ кIеззиг журналистийн а, тергамхойн а тидам ца гулбина цу юкъана ша шех Исламан пачхьалкхе олуш йолу ДаIиш тоба Шемин президент Асад Башарца цхьаьнаболх беш хилар кху деношкахь Малхбузерчу журналисташна гучудаларо.
Асад Башар ДаIиш тобанца бертахь ву бохучух лаьцна шеконаш Шемара хьал тергалдечаьргахь йолу дукха хан яра. И шеконаш алсамевллера масех бутт хьалха Асадан режимна белшашгIортош йолчу Оьрсийчоьно Шемахь ша тIеман операци дIахьочу хенахь доккхачу декъехь ДаIишан позицеш йита а юьтуш, кхечу Асадна дуьхьалчу оппозицин ницкъашна а, маьрша нах бехачу кIошташна а тIе бомбанаш еттар бахьана долуш.
Баханчу Дечкен- баттахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Шемарчу векалтин белхахоша шайн Твиттерерчу аккаунтехь яздира, Асад Башаран режимо ДаIиш тоба лар а еш, кхечу тIемлошна етта шен бомбанаш, аьлла.
„Джихадхошца къайлаха пакт“ аьлла цIе тиллинчу хаамехь Вашингтонан Шемарчу векалша яздира хIетахь, шайгахь тоьшаллаш ду, Асадан хIаваан эскарша шаьш етта бомбанаш даIишхошна а ца етташ, мелхо а, уьш ларбархьама, царна а, Асадна а дуьхьал тIом бечу тобанашна етта, цу кепара ДаIишан ницкъаш чIагI а беш, аьлла.
ХIинца евзаш йолчу Скай Ньюз агенталло баржийначу хаамаша тIечIагIдо Асад Башар террорхошца цхьаьнаболх беш хилар. Ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанера бевддачу тIемалошца цхьаьнакхетарш а деш, журналистийн талламаш бинчу цу агенталлин белхахоша яздо, Шемарчу урхаллина а, ДаIишан куьйгаллина а юккъехь къайлаха барт хилла, террорхоша шаьш даханчу шарахь дIалаьцна хилла йолу шира гIала Палмира маьрша йоккхур ю аьлла.
И гIала, ЮНЕСКО дуьненан културан хазнаш ларйаран хьукмато адамаллин културехь уггаре а ширчех а, мехалчех а хIоллам лерина йолу, ДаIишерчу террорхоша дIалаьцначул тIаьхьа цкъа хьалха цара иза ерриге а лелхийтина, хIаллакйина бохуш хаамаш баьржинера.
Амма масех баттахь ДаIишан карахь и гIала, аьлча цуьнан херцарш лаьттинчул тIаьхьа, массо а цецвоккхуш, шен тIемлой цигара юхабехира ДаIишо, ткъа цара мукъайитина гIала дIалецира Асадан а, Оьрсийчоьнан а эскархоша.
Кху деношкахь, ала дашна, Путин Владимиран чоьхьарчу гонера доттагI ларалуш волу Ролдугин СЕргей виолончел локхуш а волуш, концерт елира вевзаш волчу дирижеро Гергиев Валерийс. Амма Палмирин гонахьа болу барт цхьаъ хилла ца Iа Скай Ньюз агенталло а, Таймс газетано а чIагIдарехь, Асадс ДаIишца бинарг. Журналисташна гучудаларехь, цу шина агIоно мехкадаьтта дохка-эцарехь мах лелош хилла.
Иштта, масала, журналисташна каракхаьчначу документашкара гуш ду, ДаIишо Асадан векалшка дохка мехкадаьтта эцна йоьду машен тIехIалийта, иза доьхкинчу ахчанах оьккху молха эца деза шайн аьлла дехар дина хилар.
Кхузахь ала догIу, масех бутт хьалха Туркойчоьнан президенто Эрдоган ТIайипа а дира дIахьедар, Асада а, цуьнан урахалла а ДаIишан коьрта финансийн хьоста ду аьлла, хIунда аьлча, ДаIиш тобано доккхачу декъехь Асадан режимна духкуш ду ша доккху мехкадаьтта, аьлла.