Байсултанов Одес - министран гIовс

Кадыров Рамзанан ненавешин воI Байсултанов Одес хIоттийна Къилбаседа Кавказан гIуллакхийн министран хьалхара гIовс. И сацам баржийна зорбанехула Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс.

2007-чу шарера 2012-чу шаре кхаччалц министрийн кабинетан коьртехь Iийра Байсултанов. МогIара гIовс вара тахана даржехь ша лакхаваьккхинчу министраллехь хIинццалц.