Украинера гIирма-гIезало Джамала толар шуьйрра дийцаре до Малхбузехь.

The Guardian. Джамалан суьрташ а, Путине дина дIахьедар а: “Хьо ладугIуш вуй, Putin?”

Швецехь дIаяьхьанчу Eurovision Song Contest эшарлакхархойн кховсамехь Украинера гIирма-гIезало Джамала толар шуьйра дийцаре до Малхбузехь.

Хетарехь, кху шарахь санна чолхе а, дукхачу наха сатийсамца а, йоллу дог-ойла къовлаяларца а тергалйина хир яцара Eurovision Song Contest эшаршлакхархойн къовсаман финал. Цуьнан бахьана – тоьлла жамIаш гайтинчу пхеанна юккъехь Украинера Джамала а, Оьрсийчуьра Лазарев Сергей а хилар дара, Австралера а, Францера а, Швецера а иллиалархошца цхьаьна. Цу хиламо къовсаман интрига кхин хила йиш йоцучу кепара лакхаяьккхинера. Тамаша а бац. Цкъа делахь, цу шина махкара кандидаташ тоьллачийн могIаршкахь хилар тIаьхьарчу шина шарахь Оьрсийчоьнний, Украининий юккъехь тIамах тера лаьтта хьал карла доккхура, Украинин векал Джамала тIехула тIе Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирма- ахгIайренера хиларо а, иза ша гIирма-гIезало хиларо кхин а сов и хIума билгал а доккхура. Ткъа шозлагIа делахь, тIаьхьарчу масех баттахь, цу конкурсан финале боьдучу бехачу новкъахь, уггаре а хьалха Оьрсийчуьра мукъамийн индустри а, политик а вуно баккхий кечамаш беш яра, Eurovision - ехь толам баккха дагахь.

Шех Eurovision Song Contest къовсаман финалах аьлча, СтокхIолмехь гулбеллачу иллиалархошна юккъехь уггаре а нахана тайнарш хIора а шен-шен йиш лекхна валарца гучубовла буьйлабелира. Ткъа хьалхарчарна юккъехь Джамала хилар а шеко йоцуш дIахIоьттира. Цуьнца тоьлла йолу меттиг къовсуш Австралера Им Дами яра, Кореяра орамаш долу вуно похIме йоI, опера лакхар Iамийна ша хиларх терра хаза неха санна нуьцкъала аз долуш йолу.

Джамалин эшаран цIе „1944“. Шен къам цу шарахь дохорах лаьцна яра цуьнан иза, амма и эшам дохорах хилла ца Iай кхеташ дара эшаран чулацаме ладоьгIча. „Шун кхерча хьуна ца бевза нах богIий, цара шу дойъу, тIаккха олу, „тхо дацара бехкенарш“ олий. Шуна хIун моьтту? Шаьш делий ду моттаделла шуна, амма шу а ду лийр долуш. Iадда дита тхан синош...“ иштта дIа кхин а, вуно дагах кхеташ дешнаш а, мукъам а болуш яра и йиш.

Джамала: „Шун кхерча хьуна ца бевза нах богIий, цара шу дойъу, тIаккха олу, „тхо дацара бехкенарш“ олий. Шуна хIун моьтту? Шаьш делий ду моттаделла шуна, амма шу а ду лийр долуш. Iадда дита тхан синош...“

Конкурсан жамIаш дагардарна тIедаьлча, цкъа хьалха Джамалиний, Австралерчу Им Даминий юккъехь хилла коьрта къовсам цIаьххьана Украининий, Оьрсийчоьнний юккъехь болуш нисделира, тIаьхьарчу мIаьргонашкахь Оьрсийчуьрчу Лазаревна телехьовсархоша дуккха а кхаьжнаш даларна. Бакъ ду, Джамалина тIаьхьакхиа цуьнан шанс йоцийла кхеташ дара, математикан баххаш мелла а Iамийначарна. Цул совнаха, еххачу хенахь хьалхарчу меттигехь лаьттина Австралера эшаршлакхархо дIа а тоттуш, хьалхарчу метте елира Джамала.

Европехь беха эзарнаш нохчий а бара Швецехь дIахьош йолу конкурс тергалйеш. Кхета хала дац, уш муьлхарчу декъашхочунна сагатдеш бара бохучух. Австрехь ехаш йолу Цакаева Зайнаъ даханчу шарахь Венехь Eurovision Song Contest лайф тергалйеш яра, ткъа кху шарахь шена тайначу Джамалина гIортор еш смс- хаамаш бахьийтинера цо СтокхIолме. Цакаева Зайнаъс дуьйцу.

Цакаева Зайнаъ: „Цо и йиш лакхар бахьана долуш хIинца доллучу дуьненна хууш ду, гIирма-гIезалошца Оьрсийчоьно йиначу харцонех лаьцна, хIинца массарна а хаьа, уьш, вай санна, дIабохийна, махках баьхна хиллийла а. Ткъа аьзнех лаьцна аьлча, оцу оьрсийн иллиалархочун Лазарев Сергейс лекхна йолу йиш муьлхаччу а беро лакха йиш йолуш яра. Анимаци а яцара цуьнан пайденна, и цхьа ши тIам -м бинера цара цунна. Киркоров ма вуй цуьнан продюсер, ткъа и Киркоров цхьа тIам я цхьа мас тIе ца латийча мегаш ма ваций. Джамалин аз, мелхо а, вуно дика а, кIорге йолуш а дара, хаза тембр а йолуш. Вуно хаза чулацам болуш йиш а яра цо лекхнарг“.

Ала догIу, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан хаамийн гIирсаша шайн иллиалархо эшар бахьана долуш эшарийн къовсам политикалле бирзина бу, цигахь къовсуш дерш эшарийн исбаьхьалла я иллиалархойн аьзнийн таронаш хир яц бохуш дийца долийна. Амма бакъдолуш, Eurovision даима а хилла политикан чулацам болчу эшарийн тIеIаткъамехь, гаррехь политикан пропаганда цигахь ян магийна дацахь а. ХIунда аьлча, маьршачу юкъараллашкахь муьлхха а исбаьхьалхо муьлххачу а политикан я юкъараллин хаттарехь шена хетарг олуш а, адамийн бакъонашкахь къовсуш а хуьлуш ву. Иштта, масала, 1956-чу шарахь, тIом дIабаьлла 11 шо даьллачул тIаьхьа дуьххьара Швейцарехь цхьана трибуни тIехь цхьаьнакхийтира цу конкурсехь вовшашца тIом бинчу ворхI пачхьалкхан векалш.Миллионашна а тахана а евзаш а, езаш а ю, Германерчу Николс Eurovision - ехь толам баьккхина йолу „Цхьажимма машар“ цIе йолу йиш, политикашка тIемаш совцоре кхойкхуш хилла йолу.

2014-чу шарахь Eurovision - ехь туьйлира Австрера стаг-зуда ларлуш йолу Вурст Кончита, маж лелон зуда санна дуьненна а гIаръяьлла йолу. Цо хIетахь къовсаман финалехь лекхна хилла йиш, шеко а йоцуш, хазнехсанна исбаьхьа а, цуьнан шен аз вуно похIмалле а хиллехь а, хIетте а и Вурст Кончита цу къовсаман финале ялар а, цо толам баккхар а, шеко а йоцуш, политикан месседжан маьIна долуш дара – кху лаьттахь хIора а адаман бакъо ю даха а, аьттоне хила а, маьрша хила а боху политикан чулацам бар цу эшаран.