Your browser doesn’t support HTML5
Кху деношкахь Соьлж-ГIалахь дIаяхьанчу кхерамазаллийн саммитан тIебоьгIна бара массеран а тидам. Цундела, култураца боьзна болу цхьа хаам, мIаьргонехь тергонера болуш бара. ТIедогIучу шарахь, Нохчийчурчу кинематографистийн, Индерачаьрца цхьана а кхетта, исбаьхьаллийн фильм яьккха сацам хилла. И дIахьедар даржийна, Нохчийчоьнан кинематографин урхалло. Цуьнан директора Терекбаев Беслана, дийцира Маршо Радиога, хинйолчу оцу фильмах.
Терекбаев: «Берийн кино ю иза. Тахана дуьненахь берашна йоккхуш йолу филмаш, цхьа транформерех ю. Цундела Индийца йоккхур ю вай кино. Цара хIинца дика йоккху кино. «Дахар Пи», цIе йолу филм яра. Цу чуьра актеран продюсерца дийцарш долийна. Иза а валор ву оха цу юккъе. Гайта а гойтур ю иза Оьрсийчохь. Бакъо лург хиларан билгалонаш ю цхьацца. Юха Iумар бохуш Москохара хьолан да ву. Цо а гIодийр ду иза йоккхуш».
ТIаьхьарчу хенахь индийн кинош, ойла а йойтуш, маьIан а долуш ю. «Дахар Пи», а «Сан цIе Кхан ю» а, «ЛаппагIашкара миллионер» а, дуьненахь прокатехь хилла. Критикаша дика тIе а эцна. Цундела, хьалхалера индин кинош санна, хелхаршца а, эшарщца а хир яц иза, аьлла кхин дIа а дуьйцу нохчийн коьрта кинематографа Терекбаев Беслана.
Терекбаев: «Индера кхийолу филмаш санна эшарш а, хелхарш а долуш хир яц иза. Iаламате хаза кино хир ю иза. Нохчийчохь а, Индехь а йоккхур ю иза. ТIулг лоьхуш хуьлу кегий нах. Иза карийча, уьш кхета, оцу тIулгаца доьзна доцийла ирс. Хьайн Даймахкахь хьо велахь, иза дукха доккха ирс. Иштта маьIан хир ду цуьнан».
Индусашца яьккха кечъечу фильман сценарий а, режиссераш а, иза прокатехь мичахь хир ю а, хIинцале билгалдаьлла. Оьрсийчохь а, бусулба пачхьалкхашкахь а гайтар хир ду цуьнан.
Берийн самукъадаккхаран фильм, массанхьа а гайта а гойтуш, яьккха кечам бешшехь, нохчаша яьккхина кхин цхьа фильм «Дицде аьлла омар ду» цIе йолу, тахана гайта бакъо луш яц Оьрсийчуьрчу Iедалша. Къам дIадохорах ю иза. Цу юккъехь исторехь хилла доцу хIуманаш ду, аьлла дихкина, Оьрсийчоьнан културан министралло гайта. Цундела, иза тахана а, советан заманахь санна, терхи тIе охьайиллина ю бохуш, дуьйцу оцу филман продюсера Коканаев Руслана.
Коканаев: «Дукха наха соьга хоьтту, и фильм маца гойтур ю, олий. Иза гайта бакъо лур юй? Тахана цхьа а бакъо елла яц. Я и филм яьккхинарш муьлш бу а ца хаьа. Оцу чохь гайтина йолу къизалш, боккъала хилла яц, аьлла иза гайта дихкина ду. Гарехь, тахана а Iедалехь, шортта нах бисина, хIетахь вайн къоманна тIехь нийса къизалла йина аьлла хеташ. Массарна а тIехь Дела ву-кх. Цакхеташ верг-кхето а, бале ваьлларг-нийсван а».
Шорта филмаш яха, дуккха а ойланаш ю Нохчийчохь. Масала, Нохчийчуьрчу Iедалша хаддаза анонс еш яра «Цакхеттарг кхетар ву» аьлла цIе ю бохучунна. Республикан куьйгалхо чохь а волуш, видеороликаш яра хаамийн гIирсашкахь яржош. Голливудера уггаре а тоьллачу режиссераш а, продюссераш а йоккхур ю иза, бохуш дуьйцура. Цуьнан чулацам а, актераш а, сценарий а тахана а къайлаяхьана ю, иза чекх маца йоккхур ю а хууш дац.