Your browser doesn’t support HTML5
«Афиша Daily» журнало зорбане арахецна HomeApp компанино деношкахь бина талламаш.
Муьлххачу а стага ханна ваха петар лоьхуш хиларца, я долахочо шен хIусам ханна пайдаэцийта кийча хилар дIакхайкхош Интернете боху хаамаш HomeApp компанино схьаоьцу шен тергоне.
Кху деношкахь цу компанин Iалашо хилира талла, долахоша тахана шайн хIусамаш къаьсттина хьенах тешайо.
ХIунда аьлча, дукха хьолахь, Москохарчу бахархоша билгалдоккху, шайн хIусамаш ханна оьрсашна бен шаьш лург цахилар.
60 зорбанехь бинчу 400 000 кхайкхамна тIе а тевжаш HomeApp компанино Москох толеранталле гIала цахиларан тоьшаллаш Iорадаьхна.
Москохарчу бахархоша шайн долара хIусамаш ханна шаьш луш хилар дIахоуьйтуш кхайкхамаштIехь къоламца билгалонаш йо «оьрсашна я славянашна», «Кавказхошна а, Юккъерчу Азин бахархошна а луш яц», олий.
Москох доттагIаллин гIала яц. ХIора 3-чу хIусаман долахочо къайла а ца хьош дIаолу, оьрсашна бен шен хIусам тешон шена цалаар.
HomeApp компанино бинчу талламашца, масала, Москохарчу Садовое кольцо олучу кIоштан бахархой мел а хьешашна тIера бу. Цара ца бо къестамаш къаьмнашна юккъехь.
Иштта Замоскворечье кIошт а лору доттагIалле. Кавказхошна хIусам ханна яла ца хIуттурш 10 процент бен хаабелла бац царлахь.
Ленинан проспектехь 10 процент бахархоша хаийтина, шайн хIусамаш кхечу къаьмнашкарчу бахархошка яла цалаар.
Адам уггар кавказхошца шога хиларца къаьстина Москохан Малхбалехь а, Къилба-Малхбузехь а.
Цигахь дехачу 26-27 процент адамийн тешам байна кавказхойх.
Оьрсийчоьнан коьртачу шахьарахь атта карор вац шен хIусам ханна кавказхошна тешон йолу х1усаман да. ХIораннан а церан шен-шен кхетам а, хьажам а, бахьанаш а ду.
Уггар цара билгадохучу бахьанех ду цатешам, шайн кхерамзаллана сагатдар.
Ши миллимон сов кхечу къаьмнинй бахархой беха тахана Москох. Амма царлахь уггара а тешам байнарш, бакъойоцурш, гIодоцурш кавказхой лору.
Дукха хьолахь ханна хIусам лохуш кавказхоша гIо доьху риэлторшка. Шаьш довла а довлуш царна гIодар тIе ца лоцу шаьш бохуш яздо цхьаболчу риэлторша социалан машанехь.
Дукха хан йойъу шаьш боху Кавказерчу къаьмнашна хIусамаш нисъеш, петарийн долахоша дуьхьалонаш ен дела.
Лазарь Еленас риэлторан болх бен дуккха а шераш ду. Цо а яздо шена зеделларг кху шерашкахь.
Къаьсттина оьрсийн шеконехь бу боху цо дагестанхой а, нохчий а. Масала, боху цо, нохчаша а, дагестанхоша а шайх нах теша а бой, цул тIаьхьа шен хенна мах дIа ца луш хIусаман долахочунна, масех бутт болуьйту, декхарш хьерчадой.
ТIаккха боьлху-буьту а доцуш, дIабов.
Тешам цхьаннех а бац царех, я жаIуьнах, я интеллигентах, бохуш шордо риэлторо, цIий цхьаъ ду церан. Цундела, шайн ца лозу корта ца бехкархьама, тIе ца лоцу оьрсаша совнаха проблемаш.
Маршо Радионо жоп дийхира Москохарчу ара-чу цабаккхалун бахаман агентствон риэлторе Гаврилова Викторига, хIун бахьанаш ду тахана Оьрсийчоьнан коьртачу шахьарахь кавказхочунна шен хIусамехь оьрсийчо меттиг цабалар, кхерам, цатешам я ксенофоби ю-те иза аьлла.
Цо дийцарехь муьлххачу стеган, мичча къомах иза велахь а, бакъонаш цъхьатерра ю, ткъа ксенофоби Оьрсийчохь янне а яц.
Гаврилова: «Оьрсийчохь цхьа а ксенофоби яц! Со кхузахь ехаш йолундела, кхоьруш ца боху ас и. ХIораммо а шена товриг, луург, дезарг къастадо. ХIусам лоцучо а, и ханна пайдаэцийта лучо а, бохург ду сан и. ХIунда аьлча, йоккхачу ханна луш ма ю и.
Цундела, хуьлийла и кавказхо, милла а, къестамаш ца бо цигахь. Пачхьалхк йоккха ю, къаьмнаш а ду цу чохь дехаш дуккха а. Хуьлийла хьо жуьгтий, бусулба, керста, биэн а дац».
Нохчийчуьрчу гIишлошъярхочуьнга Цадаев Рамзане а хаьттира оха, хIунда тIе ца оьцу аьлла хета хьуна оьрсаша кавказхой. Иштта бу цуьнан хьажам.
Цадаев: «Цкъа делахь, кхерам а бу, вайх хIинца кхоьруш ма бу уьш. Ксенофоби а ю. Нохчо ву ма хиъи, хIан-хIан, луш яц, я кхечуьнга дIаелла оха, олий, ца луш меттигаш нисло. Цхьана агIор, бух боцуш ду олий а хета суна, вукху агIор ладоьгIча бехк а бу вайн. ХIора къоман бу-кх и диканиш а, вуониш а.
Вай ма-гайттара ду-кх, дукха хьолехь. Цхьангара гIалатло, ледарло ялахь, массарна а дакъа кхочу».
Калугерчу прокуратурано «оьрсашка я славянашка бен лур яц хIусам» аьлла кхайкхамтIехь билгалояр экстремизамалле лору.
Карелин Бусуба Динан Урхалло дахначу шарахь оьрсаша шайн хIусамаш ханна пайдаэца луш къестамаш бар юьхьар а лаьцна, меттигерчу прокуратуране дехар динера, къаьмнашна юкъахь къестамаш бар дехкар доьхуш.
Амма Iедало терго йоцуш дитира церан и дехар.