Совет пачхьалкх йохар йоккха трагеди яра аьлла дIахьедар дира Оьрсийчоьнан Президент Путин Владимира масех шо хьалха. Цу цуьнан дешнаша хетадалийта там бара цу пачхьалкхехь бехна нах чIогIа ирсе бар, аьлла. Таронаш йоцу ца пачхьалкхан нах боккъал шаьш ирсе а хетара телегойтиллаша дийнахь сарралц вайн санна пачхьалкх ян яц бохуш дIахьедарш деш хилла дела. Малхбузера миска нах капиталисташа Iазапехь бахкабо моьттура цу пачхьалкхан тIеIаткъам буха бохкучу Совет пачхьалкхерчу нахана. Совет Iедал хIотточу, иза чIагIдечу заманехь инзаречу къизаллица миллионашкахь шен нах байъина хила пачхьалкхан аьтто белира дуккха а патриоташ кхио. Цу керлачу кхиинчу патриотех цхьа нагахь бен доьзал хир бацара я чуьра, я гергара стаг цу пачхьалкхан къизачу хьер буха нис ца велла.
Иштта патриоташ кхиор доладора цу пачхьалкхехь жималлехь дуьйна. Цу Iалашонна лерина Совет Iедало кхоьллинера кегийчу нехан вовшахтохараллаш. Цу вовшахтохараллийн коьрта Iалашо яра Советан Iедалана муьтахь уьш кхиор, цу Iедало мел бохучух, хаттарш ца деш, тешар а. Иштачарех яра Октябрёнкийн а, пионерийн а, комсомолийн а вовшахтохараллаш. Совет пачхьалкхан мел волу вахархо вара цу кхаа вовшахтохараллех чекхвала везаш. Цул сов, ишколийн тIаьхьарчу классашкахь дешархой Iамабора тIеман говзаллина, аьхка уьш тIеман гарнизонашка герз кхиса буьгура.
И пачхьалкх 1991-чу шарахь йоьхча, и вовшахтохараллаш а цкъа ца хилла санна дIаевлира. Уьш дIаевлла хиллехь, тахана хаало, цара кхиина кегирхой баккхий хиллий, царна шайна хьехнарг дицделла ца хиллий. Схьагарехь, цу кхиинчу тIаьхенан иэсо хьовха безамца Iалашйина и вовшахтохараллаш тахана юха а денъеш ю. Ала дашна, тIеман-патриотийн болам “Юнарми” я “Къона Арми” нохчийн матта даьккхича, дуьххьарлерчу цхьаьнакхетарехь Оьрсийчоьнан тIеман министра Шойгу Сергей элира цу боламан центраш иттанашкахь схьайоьллалур ю аьлла. И дIахьедар цу тIеман министераллан интернет агIонна тIехь зорбане даьккхина дара. “Тхуна бIеннашкахь патриоташ кхетош-кхиоран центраш а, бIеннаш къона эскархойн центраш берриг махкахь кхолла луур а дара, оха и цхьа шекойоцуш дийр а ду. Оха тхайн ницкъ кхочург дийр ду шу уггар онда а, уггар хьекъале а, уггар хаза а, ткъа коьртниг шайн мехкан хьакъ долу бахархой санна кхиорхьама,” даладо цу агIоно Шойгун дешнаш. Ала догIу, цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш Оьрсийчуьра 85 регионера 500 делегат вара.
'Къона эскаран' тIеман-патриотийн а, тIеман-спортан а программа хир ю. ТIеман спортийн ловзарш Iамийна ца Iаш, тIеман говзалла а Iамор ю: герз тоха а, салтийн могIаран болар а Iамор ду царна, хууьйту грани.ру цIе йолчу интернет агIоно.
Стигалкъекъа-беттан 20-чу дийнахь тIеман министераллан пресс-секратаро къона эскар болам кхоллоран хьокъехь хаттарш луьстур ду, аьлла хаамбира. Буьззунчу барамехь цу боламо болхбар доло деза кху шеран гезгмашин-беттан 1 де тIекхаьчча, аьлла тIетуьхира цо.
Гарехь, Совет Пачхьалкхехь хиллачу ДОСААФ клубех терра вовшахтохараллаш хир ю уьш. Церан коьрта Iалашо, кегийрхой Оьрсийчоьнан патриоташ санна кхиор ю. Ткъа, кху тIаьхьарчу масех шарахь Оьрсийчоьнан тIелегойтиллаша зуламхой санна гайтина кавказхойх а бан безар бу хIинца патриоташ.
Оха а хаьттира Нохчийчохь вехачу жимачу стаге цу боламах лаьцна. Цунна тайнера и болам, “могашалла тоян а, цхьайола говзаллаш Iамор а хир ду кегийчу нехан,” элира тхоьга Нохчийчуьрчу къона вахархочо.
Малхбузено Оьрсийчоьнан дуьхьал санкцеш юккъеяьхначул тIаьхьа, нехан Iер-дахаран хьелаш телхина, ткъа малхбалерчу Украинехь дIабоьду тIом бахьанехь НАТО-н эскарийн терахь Оьрсийчоьнан дозанна гергга алсамдолуш ду. Цундела, тахана юха а Малхбузе Оьрсийчоьнан мостагI санна йуьйцу Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша, ткъа муьлххачу а мостагIчунна дуьхьал гIорто оьшу Iедална. И гIорто кавказхойн кегирхойна юккъехь тIехь кхио дагахь хетало таханлера Оьрсийчоьнан Iедал, ткъа 'къона эскар' тайпа кегирхойн боламаш кхоллар дика кхаъ бу Совет Пачхьалкхана носталги йолчарна а.