Кхин цхьа критик а къарви – Джалалдинов

Путине арздина Шарой кIоштарчу Кенхи эвлара Джалалдинов Рамазан, 2016.

Your browser doesn’t support HTML5

Кадыров: "Юьхьанца дуьйнна суна хаьара, шеггара лелаш воцийла Джалалдинов..."

Охан-баттахь дуьйнна къайлаваьллачу Шарой кIоштарчу Кенхи эвлара вахархочун Джалалдинов Рамазанан кхоллам массо а Оьрсийчоьнан зорбанийн тидамехь бара.

Ша вехачу юьртахь Iедалдайша яржийна коррупци Iорайоккхуш президенте Путин Владимире видеохаам барна Нохчийчуьрчу Iедало тIеIаткъам бина, эккхийна лелош вара Джалалдинов Рамазан хIинццалц.

Маршо Радионо масийтаза цуьнца шеца зIене а юьйлуш, довзуьйтура лурвоьллачуьнгара хьал-де.

Джалалдиновн багара мел долу дош лардеш, цуьнан къонахаллех, майраллех дозалла а деш, иза тергонехь латтийначу дуккхаъчу бахархоша цуьнах дог далар хоуьйтуш йозанаш дуьту социалан машанехь.

Селхана церан бIаьргашчохь турпалхо лаьттина Джалалдинов Рамазан, гарехь, тахана воьжна.

Нохчийчуьрчу телевизионехь корта а оллийна, мехкан куьйгалхоче шена гечдар доьхуш, ша харц хилар чIагIдеш, къамел деш го Джалалдинов.

Шеконаш шех йолчарна хаийтархьама, "шен лаамехь хилла Кадыров Рамзанца цхьанакхетар" боху цо.

Селхана нохчийн Iедало ницкъ беш, йийсарехь латтаво ша а, шен доьзал а, аьлла, ведда Дагестане дехьа ваьлла, сих-сиха шен мобилан лоьмарш а хуьйцуш, ша волу меттиг а хьулъйина ваьхначу Джаладинов Рамазана, тахана баркалла боху Кадыров Рамзанна.

Шен дисина дахар цунна совгIатна, цуьнан оьмар яхъярхьама дIадала а кийча ву ша бохуш, дифирамбаш лоькху цо, улле хиина Дагестанехь дика вевза Iеламстаг Абубакаров Хасмохьмад а волуш.

«Сайгара даьллачу гIалатна со юьхьаьржа ву», боху Джалалдиновс. Суьрто гайтарехь, Нохчийчуьра схьа ду ден къамел.

Кеп-кепара туьдура Джалалдинов Рамазанан лелар тергамхоша. Цхьаболучара иза коьртана дика вац, вукхара цхьаммо лелош ву иза, олура.

Ткъа цуьнан шен юьртахоша Стигалкъекъа-баттахь меттигерчу администрацехь гулам вовшах а тоьхна, дуьненна а хазош, бехкаш дохуш, емалвора шайн юьртахо.

Цуьнах а тоам ца беш, Оьрсийчоьнан президенте кехат а дахьийтира, бух болуш дац Джалалдиновс арадаьккхинарг, нохчийн а, суьлийн а шина къоманна юккъе гамо тасархьама долийна дов ду, аьлла.

Амма, мухха хиллехь а, Джалалдинов тиларчохь ца хиларан а, цо дуьйцург дерриг бакъ хиларан а тоьшаллаш дуккха а карадора тергамчашна.

Масала, Кенхихь доцу некъаш, хиш, ишколехь цатоьа хьехархой, йоцу интернет.

Цу юьртара, хи санна кхечу меттигашка баха дIаоьху нах.

Джалалдиновс арз динчул тIаьхьа, Нохчийчоьнан Iедало карара шо Шарой кIоштан шо дIакхайкхор а ду - мехала тоьшалла.

Джалалдиновс Кадыров Рамзан шена къинтIера воккхуш видео эфире яьллачул тIаьхьа, мехкан куьйгалхочо Инстаграмерчу шен агIонтIехь хIоттийра къарвеллачу Джалалдинов Рамазанна жоп луш видео.

"Адам шен хьесапашкахь гIалатдолуш хуьлу", яздо Кадыровс, - "юьхьанца дуьйнна суна хаьара, шен лаамца и стаг ца лоьлийла".

Куьйгалхочо бахарехь, хьуна кхераме ду цу махкахь ваха аьлла, цхьаммо корта а хьовзийна, махкалла дайта кечвеш хилла иза.

Амма цуьнах гIуллакх ца хили, тIейогIучу хенахь Джалалдинов ша ваьхначу юьрта юха а вогIур ву, ша цунна мел оьшу Iер-дахаран хьелаш а тодийр ду, аьлла, чIагIонца тIелаьцна Кадыров Рамзана.

«Интерфакс» агенталле Кенхин юьртдас бинчу хаамца, Джалалдинов карарчу хенахь Нохчийчохь ву, шинарийдийнахь шен цIахь а хир ву доьзалца.

ЦIахь? Ткъа мичахь ду и цIа? Джалалдиновс зорбанан хьосташка аьрзнаш динчул тIаьхьа, цо ша бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо иза террорист а лерина, цуьнан доьзал ара а баьккхина, дагадайтира, цIе тесна.

Маршо Радиоца хIинццалц зIенехь лаьттинчу Джалалдиновн телефоно тахана дуьххьара жоп доцуш дитира тхо.

Гарехь вон дац цуьнан гIуллакхаш тахана. Оцунах тоам а бер вай!