Your browser doesn’t support HTML5
Дуьненчуьра хIора а вахархочунна адамийн юкъара мехаллаш карлаяха, уьш тIечIагIъян, берийн терго совъяккха, церан Iер-дахаран хьелаш кхин а тодан, шордан, хаздан - и бахьанаш корьта лору и де юкъадаккхарна.
Доьзалан дай-наной бу уггар хьалха жоьпаллехь шайн бераш безамехь, марзонехь кхиорехь, нийсачу новкъа дахарехь а.
Амма мел и ишта делахь а, царех дозуш доцучу бахьанашца, кхиъна ялазчу берийн психикана тIеIаткъам беш, кест-кеста хеза дуьненахь хуьлчу бохамех.
ДIогахь тIом иккхина, хIоккхахь мохкбегийна я хитIедаьлла, кхин а масане хуьлу Iаламан хиламаш.
Телевизионехь, зорбанашкахь баккхийчу политикаша берийн дахар ирсе хила деза, уггар диканиг, тоьлларг берашна бохуш, даккхий къамелаш дахь а, бакъоларъярхоша а, журналисташа а, тергамчаша а динчу хьесапашца, масала тIом лаьттачу Украинехь 101 бер дийна.
Цхьанатоьхначу къаьмнинй организацин (ООН-но) бинчу талламашца 11 эзар бер дийна Шемарчу конфликтехь. Амма дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхоша даредарехь, и терахь кхин а лакхара ду.
Нохчийчохь лаьттинчу шина тIамехь «Мемориалан» зерашца 42 эзар бер дийна.
Дайша ма-аллара, халкъана а дерг ловзар.
Гуттар берийн дегнашка цалалург ду баккхийчара царна тIехь бен ницкъ, берашкахь ялло хало, мацалла, хьогалла.
Шен сих схьаваьллачу доьзалхочух дог ца лозуш, цхьаболчу дайша-наноша тIехь дечиг доккху шайн берашна. Масалш, далийна ца валлал, дукха ду.
Къомо даима а осала, лахара лерина вайнехан Iадат-гIиллакхашца, амалца хила йиш йоцу сакхташ тергалло кху тIаьхьарчу шерашкахь махкарчу цхьаболчу могIарерчу нахехь.
Тахана а неIалтца хьахайо махкахоша шен мерайоI лечу хьоле яллалц йиттина, хIаллакйина, тахана набахтехь 9 шо хан токху Байсултанова Марина.
Карладоккху дахначу шарахь Гуьмса кIоштарчу вахархочо Тарашев Самрадис шен кегийчу берашна тIехь латтийна Iазап, берашкара мел яьллачу ледарлонна таIзар деш.
Хьалха-Мартанарчу вахархочо шен кхиъгна йогIу йоI денна сагIадеха арайоккхуш хилла, дуьхьало йича, юучух-молучух а хадош.
Соьлж-ГIалин Старопрмыслан кIоштарчу берийн бешан кхиорхо Батырова Лайса, шех тешийначу берех леташ гучу яьллера.
Маршо Радион къамел хилира 15 шарахь Теркйистерчу де эшначу берийн цIийнехь хьехархо-кхиорхо болх беш схьайогIучу Чабаева Ларисица.
Бераш лардаран денна леринчу барамера юкъара а яьлла дира цо тхоьца къамел.
ХIун оьшу берашна ирсе хила, аьлла деллачу хаттарна ишта жоп хьехархочо Чабаева Ларисас.
Чабаева: «Бер тахана ирсе хила уггар хьалха тIом цахилар ду! ШолгIа делахь, и да-нана ирсе дуй, и бер а ирсе хир ду аьлла хета-кх суна. Ткъа да-нана ирсе дан, царна рицкъ хила деза, болх а хила беза, некъ а хила беза.
Церан барт а, массо хIума а кхачо йолуш хила деза. Кхачамбацарш дуй, цара гуттар карзахдоккху церан чохь долу хьал, берана юург ца цахилча, нана оьгIазе хуьлу, дена бан болх бацахь, и да дера хуьлу. Цундела, берана уггар хьалха оьшуш дерг - ирсе да-нана ду-кх!»