Инвесторш я моттаргIанаш?

ГIалгIайн махка чукхочучохь ков, 2016

Your browser doesn’t support HTML5

Инвесторш я моттаргIанаш?

ЖIаьлийн нускалш кхиош йолу ферма йоьллур ю ГIалгIайн махкахь.
ЖIаьлийн нускалш кхиош йолу ферма елла дагахь бу шаьш долчохь китайхой аьлла дIакхайкхина ГIалгIайн мехкан Iедалша.
ГIалгIайн мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, шен зорбан-сервисехула бинчу хаамца, цу республикехь кеста схьайоьллур йолуш ю жIаьлийн нускалш чекхдоху завод. Цигахь, мел лаххара а 500 белхан меттиг хир ю, бохуш кхаъ боккхуш санна дуьйцу, меттигерчу Iедалша.
Завод схьайоьллур Китаерчу «Хуа шэн» компанино. Цхьана дийнахь-буьйсана цигахь чекхдоккхур долчу жIалийн нускалийн барам, мел лаххара а 60 тонн хир бу. Юьхьанца и завод схьайоьллуш китайхоша дойур ду 5 миллиард сом. Цул тIаьхьа, кхин а харжаш йийр ю ахчанца.
ГIалгIайн Iедалша, там хилла тIеэцна и хаам. Сел дукха ахча а дойуш, жIаьлийн нускалш ца бевлий бен ца дуучу регионехь инвесторш и болх болийча, цхьацца йолаца а, кхечунца а аьттонаш бийр бу царна. Масала, завод тIехь йийра йолчу латтах, цуьнан болчу мехалла 5 процент бен схьаоьцура дац.
ГIалгIайн юккъараллехь кхеташ бац, хIунда къобал йина Iедалша жIаьлийн нускалш кхиош йолу и проект? Ша а цхьана хенахь ГIалгIайн мехкан юьртабахаман министр лаьттинчу Манкиев Бамтгирис иштта элира цуьнах лаьцна Маршо радиога.
Манкиев: «ЖIаьлийн нускалш ма кхиадахьара кхара, оьшуш йолу картолаш а, кхиболу хастоьмаш кхиабойла кхара. Кхин хIума-м яц кху махкахь кхиош асар доцург. Юьртабахаме хьажош ахча дац. Кхайкхадой цхьаъ до олий, амма кхочушхуьлуш дац. ХIун жIаьлийн нускалш? ГIалгIаша а дууш а ма дац уьш. Ас, цкъа а диина дац уьш. Церан цIе а яц дика. Иза олуш хезча, вуо хуьлу суна».
И жIаьлийн нускалш кхиоран метта, кхиерг, гIалгIаша юург ян мегаш ца хилла бохуш цецвуьйлу Манкиев Бамтгири. И проект а, кхиерш санна, дIа а кхайкхина, ян а ца еш юьсур ю аьлла хета шена элира цо.
Манкиев: «И жIаьлийн нускалш кхиочул помидораш а, наьрсаш а кхиае. Кху 20 шарахь дуьйцуш ду-кх хIара. Кхузахь корейхоша схьайоьллур йолуш машенаш вовшахтосу завод яра, немцойн цемент йо завод а яра. Цхьа а хIума йина яц».
Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь экономикан хьал дика ца хилар, федералан бюджетера дуккха а ахча хьажош доллушехь, шуьйрра дийцаре деш ду. Кхиъ, кхиъ богIуш, багош гIаттийна кIорнеш санна ю и республикаш, олу цхьаболчу тергамхоша. ХIора баттахь аьлча санна, масала, Нохчийчохь а, ГIалгIайн махкахь а дIакхайкхадо, цхаьцца проекташца инвесторш чубогIур бу, тIаккха вайн дахар нйиса бIостнехь, дикачу агIора хийцалур ду. Дуьззина кисанаш а долу инвесторех долу туьйранаш, леррина чоьхьарчу юкъараллина лерина ду, аьлла хета гуьржийн политологан Квахадзе Алекон. Цу хьокъехь, цо иштта элира.
Квахадзе: «Къилбаседа Кавказера мел йолу республика дотацеш тIехь Iаш ю. Кхечу дешнашца аьлча: дIалучул дукха схьаоьцу. Иштта, оцу мехкашкахь чIогIа яьржина ю къайлахь экономика. Баккхийчу барамашкахь коррупци а ю цигахь. Гергарлонийн уьйранаш а ю балха хIотторехь. Цул сов маьрша меттигаш а яц уьш: лелхарш а, байараш а, нах лечкъорш а хуьлу. И ша дерриг инвесторш реза бан хIуманаш дац. Къилбаседа Кавказера цхьаболу мехкаш, маьIданаш долуш бу. Схьаоьцур вай Нохчийчоь, мехкадаьтта шортта долу. Амма церан экономика кхиина яц хIетте а. Цундела, иштта инвесторош бохуш бу дуккха а ахча а дахьаш, аьлла беш болу хаамаш, дукхачу хьолехь хьажийна бу чоьхьарчу гIуллакхана, шайн бахархошна. Хала хир ду кхечу пачхьалкхара инвесторшка цига ахча диллийта. Цундела, ас эр дара, иза ша дерриг чоьхьарчу гIуллакхана лерина пиар ю, Къилбаседа Кавказера мехкаш экономикехь кхио цхьа лерина кечйина программа яц, аьлла».
Къилбаседа Кавказерачу республикашкахь, къаьстина Нохчийчохь, Дагестанехь а, ГIалгIайн махкахь а, иттанаш ю инвесторийн и проекташ, шуьйрра, дуьне мел ду дIа а кхайкхина кхочуш а ца еш, кехат тIехь йисина. ЖIаьлийн нускалш кхиоран проектех хIун хир ду ца хаьа. Иза кхочуш ца йича а, кхана-лама цхьамма а хоттур дац Iедалшка, и хаам стенна баржийнера аьлла.