Your browser doesn’t support HTML5
Сел еха лаьттинчу йочанна цхьа кIоршаме чакхе хир юьйла хууш, кхерам болчу меттигашкахь: тIайшца а, хинйистошца а, гIарол дора наха а, чолхечу хьолан министраллера говзанчаша а. И бахьанехь ала мегар ду, адамашна юкъахь зенаш ца хилла. Амма Iаламо, адамийн дуьхьало ян лур йоцу шен буьрсалла гайтина массийта эвлахь. 5 де хьалха Ведан кIоштера ЦIе-Веданахь латта текхна, нехан 35 цIа дохийна. Царах 22 бух а боцуш хIаллак хилла.
Ши де хьалха, иштта латта текхна, нехан цIенош дохийна Шуьйта кIоштера ГIуш-корт олучу юьртахь. Цигахь тховкIело йоцуш бисна 52 стаг. Дохийна мел лаххара а 10 цIа. Царах цхьа а чохь Iан мегар доцучу хьолехь ду. Цигахь хиллачу Iаламан бохамах лаьцна Маршо радиога иштта дийцира меттигерачу яхархочо Сатуева Луизас.
Сатуева: «Селхана-стомара хилла и гIуллакх. Буьйсана. 4 даьлча Iуьйрана цигахь араяхна машенаш а йолуш, некъ тобеш, гIулалкх деш бара цигахь». Бохаман тешнабехк, даиманна санна цIеххьана хилла. Буьйсана хан яьллачу хенахь. Дукха нах сема хилар бахьанехь, вийна стаг вац бохуш даре до цара шаьш. ДогIанаш ихина, Шуьйта кIошта боху некъ а текхна, цигахь а дIасаволийла дацара цхьана дийнахь. Иза а, цул лакхахь Iоьхку кхийолу кIошташ а, йоцу ханна делахь а, дIахаьдда яра арахьарчу дуьненах, бохуш кхиин дIа а дуьйцу меттигерачу яхархочо Сатуева Луизас.
Сатуева: «Шуьйтара некъ бу цигахь 100 метар текхана. Некъ цIанбешшехь, кхин цкъа а текхнера цигахь латта».
ГIуш-кортехь хиллачу бохамехь нехан цIенош дохийна а ца Iаш, 500 метар тоькан серий а хедийна. Оццул газ луш йолу биргIанаш а. Оцу меттехь хиллачу бохаман барам боккха бу, боху говзанчаша. 3 чакхарма еха а, 1 чакхарма шуьйра а латта ду текхнарг. Иштта, Зонах а, Ярыш-Марды а шина эвлана юккъера 100 метар некъ а бу текхначу латтано дIакъевлина. Иштта кхерам, республикан 11 кIоштехь лаьтташ бу аьлла, цигахь мониторинг еш бу чолхечу хьолан министраллан говзанчаш.
ГIуш-кортехь латта а текхна, Iаламан бохам ма хиллехь, меттигерчу Iедалша, Соьлжа-гIалара омрица, зе хилчарна гIишлонаш яран болх болийна. ХIора йохийначунна дуьхьал, керланиг йийр ю, аьлла Маршо радиога дийцира оцу кIоштара вахархочо Абумуслимов Зеламхас.
Абумуслимов: «Латта такха ма текхнехь, сихонца оцу нахана цIенош дан буьйлабеллера. Церан дохийна цIенош, кхин чохь Iан мегар долуш ма даций, дохой бен».
ЦIе Веданахь а, ГIуш-коьртехь а цIенош текханчу нахана гIишлонаш йина евр ю боху мархийн бутт чекхбалале.