Оьрсийн фанаташ чубоьхкина

Мангал-беттан 18-чу дийнахь, Ниццера Москва-гIала доьдучу кеманца Францин Iедало шайн махкара аравоккхуш ву Марселехь оьрсийн ингалсхойн футболан матч йолчу хенахь низам дохийна волу ткъех футболан фанат.

Цунах ТАСС агенталле хаам бира Марселехь Оьрсийчоьнан консул волчу Сергей Молчановс. ХIокху беттан 15-чохь Францехь оьрсийн футболан фанаташ чохь болу автобус сацийнера полисхоша.

Цу тIехь хиллачу 43-ннах бу тахана Оьрсийчу цIахьовсошберш. Царах кхоъ набахтехь ву. Бисинарш маьрша битина. Цу дерригенан хьокъехь шена хетарг ца олуш ца Iийна Оьрсийчоьнан президент Путин а: Футболана тIебахийтинчул а боккха тидам цуьнан хьовсархошна тIебахийтина хилар халахета шена, аьлла дIахьедира цо Петарбухахь дIаяьхьначу экономикан хьокъехь йолчу форумехь.

Оьрсийн, ингалсан фанатийн хиллачу девнан хьокъехь а элира цо: "Суна ца хаьа цигахь цу вайн ши бIе футболъезархочо и масех эзар ингалсхо охьа муха аьтта, ца кхета со, амма мухха делахь а, низам лардархойн и дохийначарца йолу юкъаметтиг цхьатерра хила еза", - аьлла.

Чубоьхкинарш дIабахийтинчарца дIа хIунда ца бахийтина боху цо, я маьршабаьхнарш чохь воллучу кхаънца чу хIунда ца боьхкина боху цо, башха кхеташ дац цкъачунна...

Амма чубоьхкинарш тахана-кхана Францин Iедало арабовлуьйтучух тера бац. Уьш кхин а алсамбовла мегаш бу, нагахь Кёльнера полицино Францера цIабоьлхучу хенахь Германехь испанхойн туристех летта фанаташ Францина схьалахь.

Ткъа "La Marseillaise" зорбанан хьостан хаамашца, Францехь набахти чувоьллинчу кхаъанах цхьанна, "Локомотив" клубан футболъезархошца бечу белхан куьйгалхочунна Ерунов Алексейна - 2 шо хан тоьхна.

Тулан "Арсенал"-футболхойн фан-клубан куьйгалхочунна Сергей Горбачевна - 18 бутт хан тоьхна, "Динамо"-футболхойн фан-клубан куьйгалхочунна Николай Морозовна - 12 бутт хан тоьхна.