Your browser doesn’t support HTML5
ИРЧА СУЬРТАШ
1
Буьйса юкъал тIехъяьллера, хIетте а наб ца кхетара Адамна. «Нохчий, гIалгIай выселит бо», – боху хабар дара гурахь дуьйна а хезаш. Хьалха юьххьехьа-м ла а ца дугIура цуьнга, амма тIаьхь-тIаьхьа чIагIлуш дара и хабар, ткъа лелош, гушдолу хIуманаш а дара тамашийна. Юьрта баьхкина эскархой бара, коьртехь капитан а волуш. Юьххьехь пхи-ялх бен вацара уьш. Нехан спискаш а еш, меттигийн планаш а йохуш, некъаш а тодойтуш, хьийзара. Амма тIаьхь-тIаьхьа салтий алсамбуьйлушбу. Лелар а, хьийсар а, къамелаш а ду къоланна баьхкинчийнсанна.
Лулахочун Эдин керта а хевшина керла баьхкинарш. Ткъа уггар а тамашениг – тахана районе американски машенаш яхкар ду. «Студебекарш». ТIетоьхна гатанаш а долуш. «Маневраш» ю боху, баха-м. Амма, нах тIе а кхийсина, дIабовдо кечйиначех тера ю…ДIа а стенна бовдор бу? Советски Iедал хIотточу хенахь кхуьнгахь тIемаш бина, чов-ков а хуьлуш. Уггар хьалха колхозе а язвелира. Болх а бира, беш а бу, дегI а ца кхоош. Бешара боьжна стом кхаьллина а, стагана дина зен а дац. Вешин кIант а ву, деша а дешна, партехь а волуш, гIалахь лаккхарчу гIуллакхехь. Гурахь районе веанера и, Лорса. Шех дагаваьлча, цо элира: «Хабаршка ла ма дегIа, ялташ чудерзаде». «Ялташ-м чудерзийнера, хIинца даа витахь…
И даа баганаш ю шортта. Йиъ йоI ю. Церан нана ю, хIинца балхана пайде а йоцуш. Фронтехь майра в вийна, цIа еана пхоьалгIа йоI ю, жима ши бер а долуш, ша сакхат а йолуш. БархI хуьлу хьуна уьш. Фронтехь кIант а вийна, йисина нус ю, жима кхо кIант а волуш. Шийтта. Со кхойтта. Йоккха IалагIожа ю. Нус а, йоккхах йолу йоI а йоцург, белхало вац. Соа вац хIинца хьалхалерниг…»
Иштта ойланаш еш Iара Адам. Оцу хенахь меллаша кор туьйхира.– Мила ву? – хаьттира Адама.– Со ву. Эда ву… Зайл дIабаккхахь, чувогIур вара со.– Зайл боьллина а бац. Схьачувола хьо, – хьалаиккхира Адам, цхьа башха дегIе зуз догIуш. ГIийла серло еш, йогуш лампа а яра. Цкъа и серлаяккха ойла хилира Адаман, юха йитира. «Воьхна-м вац хир со?» – бохург дага а тесира.
– Кхин керла гучудаьлла хIумма-м дац?– Оцу тхоьгахь болчу эскархойх цхьаъ, ша веачахьана:«Ахьар дуй хьан Iаьнна даа, ахча дуй хьан гулдина?» – бохуш, хеттарш деш хуьлура соьга, тхойша тхаьш нисвеллачохь.Ткъа тховса, хIинцца дукха хан йоццуш, капитан волчура ша схьавоггIушехь, чуьра ара а ваьккхина, цо юьхь-дуьххьал схьа эли-кх соьга: ахь нахала даккхахь, хьуна а тоьпаш тухур ю, суна а тухур ю, шу кхана Iуьйрре выселит деш ду, некъ беха хир бу, хьан дукха бераш ду, тохий, хьайн етт-эса а, шинара а дей, новкъадаккха жижиг кечде.–
Етт а, эса а, шинара а де эли?– Дера, эли.– ТIаккха и бегаш бац-кх, суна хетарехь, – элира Адама, шена хьалха лаьтта охьа а хьожуш.– Бац моьтту суна а…Бегаш бац а моьтту, хIетте а етт бен дог а ца хIутту. Шинара-м, дийча, дуьйр дара. Вуьшта, етт муха буьйр бу, кху сохьта берашна берам латтош болу?
...Оцу хенахь шен аьттан ойла еш вара Адам. Цуьнан хала нисбаларан а, боцуш цатараран а ойла йича, и бен беза бохург дукха аьрха хеталора. Цу тIе, бахка герга гIоьртина а бара. Ткъа шинара несан цIартIе даьккхина дара эса долуш дуьйна а. Хазарна кхоьруш санна, цаьпцалг йийкира пеша тIехьахь. Амма и хезира. Лерга пот хIоттош, чIогIа хийтира цуьнан аз оцу ирчачу таппаллехь.
– Делахь, – элира Адама, ойланна оллабелла корта хьала а нисбеш, – жижиг кечде ахь, Эда. ГIуллакх дика доцчух тера ду. Районера хьаькамаш а бара селхана боьхна хьийзаш, хаьттинчунна жоп луш стаг а вацара. – Ткъа ахь хIун до?– Изза дийр ду-кх ас а.– Ларлуш хир хьо. Салтий бу, хьуна, эвлахула лелаш. Эда араволлушехь, чухуларчу неIарехула чуелира хIусамнана Белита.– Веанарг мила вара? – хаьттира цо. Эдас деана хабар цуьнга дIа а дийцина, Адама элира:
– И вайн етт бен воллу со.– Вай-й, хьераваьлла хьо? Бахкка боллу етт муха буьйрбу? И шинара дехьа, хьо Iанне ца Iахь.– Шинара Самрин цIартIехь ду, и доьйла яц. – Боьйла, дера, яц бахкка боллу етт. – Хьоьга хаьттича-м, хIумма а дойла яцара. ДIа охьайижа хьо. Меллаша. Бер-кер сама а ца йоккхуш. Айсса дийр ду ас дан дезарг. Амма дан дезарг хууш дацара. Белита дехьа чу яхначул тIаьхьа а ехха ойланаш йира Адама. Шозза-кхузза божлин неIаре а вахара – шаьлта а керахь. «Хьевийр вац хетий со-м, – лелхара дага. – Эда куьйган бакъо яйъина а хьийзийна, бахьна дацахь а. ТIаьхьа бен колхозе а ца язвелла. Балхана башха чухьаьдда, Iедалан гIуллакхашна орцахваьлла вац, Iедална дуьхьал вацахь а. Иза-м ван а вайта хьайна выселит, Iанне цаIийча. Вуьшта, со стенна вийр ву? Со хIун аьлла воккхур ву дай баьхначу бенах?» ГIалахь волу вешин кIант а туьйсура дага. Ши шо а кхачале да-нана а делла, Белитассий, Адамий кхаьбна вара иза. Шайн берел башха а ца хетара. Ткъа Адаман, цул сов, вешин безам а бара. «Лорса Iийр вацара гучу ца волуш, – ойла йора Адама. – ХIума хуьлучу далахь, хаам бийр бу аьлла а хетара. Ас даьккхина а, ас лелош а сан Iедал дац, ткъа, хIара, советийн Iедал? Милла хьевича а, со хьевийр вац».
ТIера хIума дIа а ца йоккхуш, метта агIорвелира Адам.
2
Эда чуволлушехь хаьттира Сепета: – ХIун эли Адама? – Дера, эли, жижиг кечде. – Ша хIун до, тов? – Изза до, эли-кх, ша а. – Аьллехь, диг а, шаьлта а эций, божли чу дIагIо хьо,хьайбанаш охьадетта ницкъ кхочур бац вайн. Нахе кхойкхийлаа дац. Коьртах диг тохий, охьа а дожош, тIаккха арсаш хьекхадезар ду царна. Лампа а йохьуш со дIайогIу, хьуна.
– Сих ма ло. Собар де жимма. Иштта хир дац хир ду хIара. Вай мича бехкенна дохур ду цIера? Цхьаъ а харцахь гIалат ца даьлла. Iедало аьллачунна йина дуьхьало яц. Я нахаца дош дашера даьлла меттиг а яц… берахь дуьйна схьа. Хьайба санна, лаьллинчу а вуьйлуш, сайна а, доьзална а хьанал сискал лехнаас. Цунна выселит вийр вац. ХIокху эвлахь мел верг вича а, вай выселит дан бахьна дац.
– Хаац, дан хьайна луъург де, вуьшта, оцу Ивана хьоьга аьлларг лаа-м ца аьллий хаьа суна… Ткъа хьо хIуманна сацам бан хьуьнар доцуш вуйла а хаьа. КIеда сту санна, лелла везаш ву-кх хIора хIуманна тIехь а. «ЭхI, ма дика ца элира ас и, – дагатесира Сепетана ша арайолуш. – Цхьаъ хилахь, яллалц дагахьбаллам лаьттар бу. Экха санна, шен дохнах ца летало-кх и. Цуьнан хIун бехк бу?» Ткъа ша дог кхиъна яьлла яра: Иванан леларо, ша-шавис-висинчохь цо дохучу синоша, хьийзочу коьрто, кхо-диъ де хьалха дуьйна а вочунна тIехь сацийнера ойла. Мацалла доьлхучу берийн суьрташ дара цунна хьалхахIуьттуш. Ткъа уьш исс дара, воккхахволу кIант Эла хIинцца зуда ялориг хила гIерташ аволуш. Жимахйолчу йоьIан кхо шо а ца дуьзнера. Царна кховдо хIума лаха араиккхина яра и.
Пхи-ялх москал яра цо кхобуш. Чу а еана, уьш тийсира цо Эдина хьалха: – Кхарна мукъа а хьакха урс! Шен и дешнаш а кIоршаме хилар хааделира Сепетана. ХIусамдеца кIеда-мерза хила лаьара. Цунна оьгIазъяхна а яцара иза. Цунах къахеташ а яра. Амма кийрара и къинхетам дешнашца гучу ца баккхалора. Цундела Iийжайора цу къинхетамо, лалийначу дашо санна. Сепетан и дог хууш вара Эда. Кху ткъех шарахь гуттар а дерриг дара иза. Цундела Эдина башха новкъа а ца хуьлура Сепетан кIоршаме дешнаш. Мелхо а, кIеда-мерзачу дешнашца Сепетан догъэца лууш вара иза. Амма дашна къора вараСепетал а. Сихдина москалшна урс хьекхарца дуьйцура цо шен деган резалла. «Со-мцхьа цуьрг дуьхьал а вац хьуна луучунна. Хьо резайолчунна реза ву. Дан хьакъ доцург а дина, нехан белам ма хилахьара вайх, бохург дара сан дагахь дерг-м. Дохнах а, цIийнах а, махках а муха воккхур ву хIуманна а гуьнахь воцу стаг!»
Дагахь и бохура Эдас Сепете. Амма барта схьаолуш дош дацара. Москалшна урс хьаькхна ваьлча, шен лекха зоьртала дегI хьала а нисдина, Сепете дIахьаьжира, хIумма а олий те цо кхин аьлла. Ткъа Сепета хIумма а ца элира. Алалучу хьолехь а яцара: хораман шад хIоьттинера логе. Йист а ца хуьлуш, тила а йина, москалш гали чу теIо йолаелира. И сурт лан а ца делла, ладогIа воллу ша аьлла, аравелира Эда.
ХIинццалц хаза лаьттина дуьне телхинера. Наггахь догIанан тIадам а кхуссуш, Iаьржа мархаш яра, хьерча а хьерчаш, малхбалехьа хьовсаелла. Кху тогIи чохь мох бацара, амма аьрцнийн кортош угIуш дара, меца берзалой санна. «Дарц дала доллу!» – тесира дага. Юьртара жIаьлеш а дара, цкъа а ца хиллачу тайпана, угIуш а, леташ а. Церан аьзнаш девзаш дара Эдина – муьлханиг хьенан жIаьла ду а хууш. Хийла ладийгIинера цаьрга, берахь дуьйна. Жима стаг волуш, юххерчу орцара эвла ладоьгIча, синкъерам хьаьнгахь бу а хаьара, цу жIаьлин летарца, синкъераме оьхуш болу а, цигара дIаоьхуш болу кегийраш муьлхачу некъаца лела а хаьара.
Амма тховсалерниг цунах тера дацара. ЖIаьлин летар Iаламат дера а дара, массо меттехь а дара, юьртан йистошкахь а тIехь. «Юьрта а, юьртана гонах а баьржина…»
Циггахь шайн жIаьла дагадеъначу Эдина гира и шена хьалха лаьтташ. КIайхо-можа бос болу, боцца чо а болуш, стомма бат а йолуш, шен да санна, зоьртала пхьу дара и. ЖимакIеза долуш, суьйлашкара далийна а, дукха хьомсара а дара Эдин и жIаьла. Жима долуш «кIеза» алларх, и цIе йисинерацуьнан.
Цхьа шатайпа доттагIалла дара Эдин а, КIезин а. Вовшийн дагара хаар а, вовшийн хьастар а дара цаьршиннан. Эда цIера волуш, кетIа а воккхура КIезо, уллохула ловза а лелхаш. Ткъа и цIа вогIуш, кхин а чIогIа ловза а ловзуш, кетIа дуьхьала доьдура. Амма кех ара ца долура – шен декхар керт Iалашъяр дуйла хаара цунна, ша санна шера. Ткъа адамашца, ур-атталла шен берашца а, сел дашна къорам волчу Эдин Iаламат мерза, хьастаран мукъамаш хуьйцуш, къамелаш а хуьлура КIезаца деш: «КIеза! Ва, КIеза! ХIай, дейиса хьан делаI! Ма лом ду-кх хьо!» – бохуш.
Буьйсанна хан йоцчу хенахь Эда араваьлча, дийнахь санна, детта а ца луш, бийшина берш сама ца баха санна, меллаша Эдина герга догIура КIеза, машаре цIога а лестош. Ткъа хIокхо меллаша олура: «КIеза, хьо сема ду? Хьо хехь ду? ХIай, лом, яI…» Иштта, Эдина ша сема дуйла хаийта а, цуьнга ша хьастийта а, тIаьхьа хIоьттина дара КIеза тховса а. Амма хIинццалц санна майра дацара КIезин герга гIертар а, цIога лестор а: шерра хаара цунна, гIуллакхаш меттахь доцийла.
Цу тIе, Эда вист аца хилира. ХIокху кертахь цо даьккхинчу иттех шарахь тховса дуьххьара дитира цо КIеза ца хьостуш. Шегара бехк баьлча санна, цIога охьа а хецна, Эдина юххера дIаделира КIеза. ДогIа а, аьрцнийн гIов а тIеттIа чIагIлуш лаьттара. Сихделла декаш котам а дара. Сахила герга гIоьртинчух тера дара. Кешнаш долчу агIорхьа, эвлан йистехь, автомат елира. Жимма ла а доьгIна, кхин хIумма а ца хезча, чувахара Эда. Берашна кIелхьара мотт-гIайба йоцург, кхийолу хIума ерриг а дIахьарчийна яьллера Сепет.
Дукха къахьега оьшуш а дацара: цхьа а куз бацара, совнаха мотт-гIайба а дацара; денна а тIехь лелош дерш бен, духарш дацара.
– Сихъеллий те хьо, Сепет? – хаьттира Эдас. Цу хаттарна жоп а ца луш, Сепета элира:– ХIара галешший, тIоьрмигашший кечдина ас цу чIоьначуьра ахьар чудохка. Ас хIорш лоцур ду, хьуна, и чами дIа аэций, ахьар схьадохка ахь, катоххий. Иттех дакъа дина дIанисдира Сепета ахьар. Иттех пунт бен дан а дацара. Варша тоьхна топ санна, зен довш дара кол-хозехь хьегна къа а.
И ахьар кийсакашка нисдина хIорш бовлуш, КIеза летира арахь. Садаржа доладелла зама яра. Шайн кетIахь лаьтта автоматчикаш галлац, хазза сама цаваьллера Эда. ТIаккха дIасхьаьжчахь, иштта, шишша-кхоккха-пхиппа цхьаьна лаьтташ автоматчикаш гира цунна. АдамгIеран кетIахь а, церан шайн бошмашкахь а, некъашца, бIаьрг мел тоьхначохь а. ЦIе яьлча санна, сихвина, Эда дIавигира цара, колхозехь собрани ю, аьлла.
3
БерхIитта шарера лакхара берриге божарий бара колхозан кертарчу доккхачу божли чу гулбина. Кертана гонаха хIиттийна пилмоташца, автоматашца эскархой бара. Доккха гай а, лекхасийна куй а болуш волу гуьржийн инарла схьакхайкхира тал-мажехула:
– Партин, правительствон сацамна цхьакIеззиг дуьхьало йиначунна ша волччохь тоьпаш тухур ю! ХIора доьзало а ахтонна мохь бахь мегар ду, новкъа юург а, тIеюхург а, мотт-гIайба а, кад-Iайг а. Амма кхин хIуманаш, масала, маьнга, стол-гIант, хьайбанаш, жIаьлеш, новкъадохуьйтур дац! Кхеташ дуй и?
ДоIуш са а дацара божли чохь хезаш. Масех секунд елира иштта. Нехан маьхьарий цадовларна дарвелча санна, кхин а буьрса вистхилира инарла:– Кхеташ дуй и, хоьтту ас? – Кхеташ дац, – элира цхьана воккхачу стага, нахана юк-къера схьа а таьIаш. – тхо хIунда доху меттах, ас хьоьга хоьттур дац, хIунда аьлча, и хьан карахь гIуллакх дац, тхо мича дохуьйтуш ду бохург а ледара хIума ду. Иза а хоьттур дац ас. Вуьшта, и ахь юьйцуш йолу хIуманаш муха яхьа еза оха? ДогIуш догIа а ма ду. Тхан ворданаш а ма яц.– ХIара йочанаш хилар бахьана долуш, юьрта чу схьайогIийла ца нисдели машенийн. Карахь-марахь охьа, хин тогIичу, яхьа дезар ду шун уьш. Цигахь машенаш ю.– И кхеташ ду хIинца. Амма цхьа кхин а ду…– ХIун ду кхин а? – хаьттира инарлас дера. – ХIокху хьан майрачу тIемалоша йийна ши зуда Iуьллу эвлан йистерачу кешнийн керта юххехь, новкъахь. Шо кхаьчна бер а ду цаьршинца. Нахала даьлча, хьуна башха сийлахь хир дац зударий, бераш дайар. Уьш дIахьулбан вахийта со, иштта кхин соьца кхо-виъ стаг ваийта. Доладелчахьана а, Iоьттина шаьлта санна, новкъа дара инарлина воккхачу стеган къамел.
Цу къамелан паргIат эсалчу мукъамо а, цуьнца йолчу эндажечу Iоттаро а хьераваьккхина хьийзавора иза, амма цуьнан болатан озо сецавора. Шена юх-херчу майоре цхьа шабар а дина, дегаза кхоьссира цо:– Дехар кхочуш хир ду хьан. Схьакъастабе хьайна накъостий
Воккхачу стага виъ стаг схьакъастийра, юкъахь Эда а волуш. Хьалхий, тIаьхьий кхоккха автоматчик а хIоттийна, уьш кешнашка дIахьовсийра. Ткъа важа адам, гонаха автоматчикаша баьхна, хин тогIи чу охьалаьллира.
4
– ВахIаб, уьш хIун зударий бу, и ахь буьйцуш берш? –хаьттира новкъахь Эдас. – Уьш-м тхан кертара ши йоI саннарш яра, – элира ВахIаба, ирх бIаьрг а хьажош. ДогIа лайнехьа долуш дара. Эдина хууш дара, ВахIабан ши йоI луларчу юьртахь марехь хилар. Кхин доьзалхо ван а вацара ВахIабгIеран. Цу шина йоIал хьалха хилларш беллера. ХIинца йоккхачу кертахь шаьш дисина Iаш дара ВахIаб а, Хеда а. – Селхана цIа еанера и шиъ, лелаш долчу хабаршна а, гIуллакхашна са а гатделла. Цхьаннан карахь кIант вара…Эццигехь къурд бира ВахIаба, болар а кIеззиг сихдира. Къона, цIечу басахь горга юьхь а йолуш, хIинца а дика лаьтташ кIайн цергаш а, иштта кIайн, чIениг тIехь иръеш лергина маж а йолуш, юккъерачу, гIеххьа дуьзначу дегIахь стаг вара ВахIаб. – ХIуъа хилахь а, шайн-шайн хIусамашкахь хила ас дIахьовсийна бара уьш. Сатассале дара иза…Оцу кешнашкахьха хиллера-кх лечкъина… И хир ду а, я зударшца, берашца кхеран бала хир бу а хьанна моьттура… ХIорш кешнашна тIекхоччушехь, автоматаш тоьхнера-кх тIе. – И автоматаш йолучу хенахь арахь лаьтташ вара со, тхешан кертахь, – элира Эдас. – Со чохь вара хIетахь. Уьш йовлуш хезаш а вара.Вуьшта, божарша, Советан Iедалан эскаро, шайн новкъа хIиттина доьлхучу адамашна, цу тIе зударшна, берашна герзаш деттар ду бохург дагахь долуш вацара. И саннарг дуьйцуш хезна а вацара… Цу берашна туьйхи-кх и герзаш, аьлла, чуьрниг хьаьвзича, иза а човхийра. Ара а валий, ла мукъана а догIахь, аьлла, цо чIогIа хьовзийча, цунна маслаIатана ара а ваьлла, ла а дуьйгIира. Iеб-себ а дацара хезаш. Сатесначу хенахь хIокху собране ваха араваккхалц хаа а ца хиира…