Your browser doesn’t support HTML5
Дукха хан яцара Тулузехь оьрсийн футболхой ловзуш Оьрсийчуьра баьхкинчу фатанаташа Марселехь гайтина йолу шайн шовкъ шолгIа гайтахь а, аьлла арабевлла Тулузан полисхой шайн чубирзина. Тахана Европера нохчашка кхаьчначу шийлачу кхаъно юха а арабаьхна уьш...
ХIокху беттан 21-чохь буса 11 сахьт даьлча Францерчу Тулузехь 32 шо долу нохчийн жима стаг вийна герз а тоьхна, 28 шо долу кхин цхьа нохчо лаза а вина.
Бельфонтэн олучу кIоштехь нохчашна юккъе герз а тоьхна скутор хаьхккина дIавахна зуламхо, гиначара схьадийцарехь.Iедало социалан хIусамашка тIебаьхкина нах дIатарбина меттиг ю Бельфонтэн.
Цигахь Iаш берш дукха хьолахь Къилбаседа Африкера Iаьрбой бу, нохчий дукха бац. Кхелхинчуьн (и Дала декъала войла!) зуда а, бер а дисина.
Лазийнарг(Дала маршалла дойла!) дарбанцIийнахь ву, карарчу хенахь цуьнан хьал дахарна кхераме доцуче даьккхина ду, лоьрийн дарба шен хеннахь дина хиларна.
Европерчу нохчашна чIогIа дагах кхетта шайн махкахо вер. Цунах лаьцна дуьйцу Францера вахархочо:
Вахархо: "Нахана чIогIа халонга даьлла хIума ду иза. Дала маршалла дойла чевнаш йинчунна а. ДIаваьллачунна Дала гечдойла. Дала цуьнан чуьрачарна Иманца собар лойла..."
Иштта дара вай зIене девллачу Францера вахархочо дийцинарг.
Ткъа хIинца, тхайга схьакхачийна долу цу меттехь хиллачуьн къамел довзуьйту оха, цуьнан аз хазийта аьтто цхьацца бахьанашца ца хиларна:
"Кхоъ тIехь волчу машенна новкъахь тIе скутор хоьхкуш карзахваьлла вара и долийнарг... Цунах дов хилира. Цига тIекхаьчна вара кхелхинарг а, лазийнарг а... Вуьш кегийрхой бара... ТIаккха цхьа воккхо Iарбочуьнга уьш совцабе а аьлла вуьш дIатийча, цIеххьана скуторца тIе а хахкабелла герзаш туьйхира ..."
Иштта дара цигахь хиллачо дина тоьшалла.
Цкъачунна полисхошна каравина вац ден-ненан кIант а, йиш-вешин ваша а, доьзалан да а вийна волу зуламхо. Амма цу тIехь низамхоша и зулам хилча дуьйна дIахьош болх бу, хье ца луш уьш тIаьхьакхуьур бу аьлла а хета.
Амма юхаверзалур вац цхьангге а ишттанехьа вийна волу ден-ненан кIант а, кегий бераш долчу доьзалан да а.
Миччхьа а шайн зуламе говзалла гойтучу, шайна юккъехь нахана бу-бац ца хуучу провокаторийн цигахь цхьа кIур хьовзон аьтто бериг ца хиларх теша лаьа...
Теша лаьа вайн махкахо вийначу зуламхочунна Iедалша каравеъча шена хьакъ долу таIзар дийриг хиларх а.
Амма дуьненан кхелах кIелахьаравалахь а, Делан кхелах кIелхьаравер вац цхьа а зуламхо...