Your browser doesn’t support HTML5
....Брестан гIап мостагIчух ларъеш исс бIе гергга нохчийн бIаьхо летта. БIеннаш эгна царех Дуьненан шолгIачу тIеман юьххьехь -1941-чу шарахь. ХIинца и гIап, аьлча а, цигара Европан кевнаш, лардо Полшин дозанхоша нохчех.
Теркйистера Мохьмад а, цуьнан цIийннана Зайнап а шайн ялх бераца кхечира Бресте бутт гергга хьалха. Брестера цIерпоштца дела денна боьлхура Полшин дозан гIопе. Ткъа цигахь-м вацара хIорш иштта дIа пачхьалкхан декъатIе вита лерина стагга а.
ХIоразза а кхара некъан интервью луш дуьйцург цхьаъ дара – децIахь даха ца дуьту шаьш, шена зулам а дина, къайваьлла гергара стаг схьалохуш хьийзачу Iедало и стаг шайгара воьху.
ХIоразза а юхакхуьйсура Мохьмад а, Зайнап а, ялх бер а полшахоша. Хохккий, ша дийнахь-буса 40 евро а луш, латточу нехан петаре, Бресте, юхабогIура доьзал. Иштта 15-за гIоьртина дозане, 15-за а дIаелла некъан интервью, 15-за а юхабаьхкина, кханене тешам а буьллуш.
Беккъа кхеран доьзал хилла ца Iаш, кхин а Мохьмадан йишин доьзал а бара кхаьрца Полше кхача арабаьлла, Брестехь. Шаьш мел ду, моссаза гIоьртина дозане, Полше кхача, хаьттича, иштта жоп делира Мохьмада Маршо Радионе.
Мохьмад: «14 ву тхо. Сан 8. Йишин 6. Цхьаверг 10-за гIоьртина дозанах чекхвала, кхиверг – 15-за. Иштта бала хьоьгу-кх оха».
Брестехь шатайпа бизнес лела мухIажиршца йоьзна. Бахархоша безачу мехах петаршкахь нах а латтош, напха доккху. Ткъа кхечу цхьацца болучара мухIажирш нийсонца а, харцонца а, шаьш дозанах чекхбоху бохуш ахчанаш доху. Мохьмада йовзуьйту и къайле.
Мохьмад: «Оха петар лаьцначу зудчо кхин а цхьа петар ю неахе елла. И нах а бу Бресте лелаш, юхабогIуш хьийзаш. Тахана 4-5 доьзал чекхбалийтина боху дозанах. Керла хIума долийна хIинца, цкъа хилла а доцург – адвокаташ ду шаьш бохуш, цхьа нах лела, цара ахчанаш доху, шаьш дозанах чекхдоху шу, дозанхошца барт а бина, олий. И безнас а йолийна...».
ХIун нах бу цIахь дерриг дIа а доьхкина, дозанах бовла гIертачу нохчашкахь йисина кепек дIалахьораш? Зайнапна девзинарг иштта ду.
Зайнап: «Кхузахь, Белорусехь, зудий, цхьа стаггий ду боху, шайх адвокаташ а олуш. Цара нах Iехабо, шаьш дуьйцу шун гIуллакх дозанехь, бохуш. Нахера ахча дIа а оьций, бовду. Оха-м лур дара и 1500 евро, чекхдовлийтичхьана».
... Денош дIаоьху. Ткъа Мохьмад а, Зайнап а ца даладелира рогIехь гIоьртича а Полшин дозанах. РогIехь аьтто а ца баьлла, петара юхабеара доьзал. Дийнан сурт иштта довзийтира Маршо Радиона цуьнца зIенехь Iачу доьзалан нанас.
Зайнап: «22-лагIа дехьабовла гIерташ а, 10-лагIа дехьабовла гIертарш а бара тахана. 9-гIа гIоьртича дехьабевлларш а бу, 4-гIа бахча чекхбевлларш а бу. ГIело ю тхоьгахь. Ахча чекх а долий, дIабоьлху нах. Къар ца луш, висинарг, чекх а валало. Соьца бераш бу, суна хала ду».
Иттаза а, пхийттаза а дозанхоша чекх ца болуьйтуш, Брестехь буьсуш бара доьзал. Дог дуьллуш лаьттара Европехь шайн даха, ирс каро тарло бохучух Мохьмада а, Зайнапа а. ЦIийндас цхьа а тешам а боцуш довзуьйтура леларг-хирг.
Мохьмад: «Кхузахь лелачух, ца гича, тешар а вац. Суна ца хаьа хьанах теша веза, хьаьнца дийца деза. Тхоьга ла ца дугIу. Чекхбовла луурш дукха бу. Селхана 700 хиллал бара нах. Брестера богIучу цIерпоштан 7-8 вагон ю, уьш йоьттина хуьлу. Тхо дено-дено алсамдовлуш ду кхузахь».
Иштта дара бIеннашкахь Брестерчу Полшин дозане лестачу доьзалех Маршо Радионо тергонехь латтийначу цхьана доьзалера хьал. Шаьш шайн цIа ца дахча а ца довлу, ткъа Нохчийчу юхадолхахь шайна тIехь цигарчу Iедало Iазап а латтор ду бохуш леткъаш Iийра Мохьмад а, Заннап а.
Your browser doesn’t support HTML5
...Амма тIаьххьара а къинхетам хьалха белира, рогIера хаам баийтира доьзалан дас-нанас, айделлачу озехь – Полшерчу цхьана мухIажирш чохь кхобучу куьпара туьйхира цара телефон. Шаьш дозанхоша Полше а кхачийти, цигахь цхьана лагерехь, хьунхахь, даа-мала а долуш, кхобуш ду шаьш, аьлла бара и хаам.
МухIажиралла хаьржинчу цхьана доьзалан некъ бара Маршо Радионо гайтинарг. Ткъа бIеннаш доьзалш бисина Брестехь, Мохьмадан а, Зайнапан а лоре гIийла хьежа, Малхбале кхача хьаьгна, шаьш ков-керт я машен-йийбар йоьхкина схьадеаана ахча диина, петарх дIаделла, кхаччолц, бохуш, садетта.
... Хеттарш ца дича а кхетарг. Муха го, масала, Полшин дозанера хьал Нохчийчохь даима а шаьш хьоьгу дика массо а адамо хьоьгу моьттуш бисинчу хьаькамашна?
Президентан цIарх адамийн бакъонийн шерашкахь терго еш а Iийна, хIинца оцу даржера мукъаволу хан кхаьчначу Нухажиев Нурдис къадийра иза дахначу кIиран тIаьххьарчу деношкахь.
Нухажиев, Грозный-информ агенталла, нохчийн махкахбуьйлу эзарнашкахь аьлла орца эккхийтинчу бакъоларъярхошка: «Хила а тарло нохчий дуккха а, доьзалшкахь дIаоьхуш. Амма уьш цхьамма лоьхкуш боьлхуш бац жуларшкахь – гергарлонаш ца хедорхьама боьлху цхьаьна дIа. Ткъа цигахь берашна социал а, кхидерг а ло. Адамаша хьалхадоккхург хьал лехар ду».
Иштта го Нухажиев Нурдина мухIажиралла нохчех къаьсташ доцу зовкх хилла латтар. Амма ца боху я цо а, я цхьаммо а, стенна ца карадо рицкъ нахана шайн даймахкахь, мел хала ю адамашнана децIера мацалла. Ткъа Польшин дозанхошка мигранташа юьйцург-м янне а яц я мацалла – цара далхош хезарг ду массо а маьIанехь дахар лачдалар.