Your browser doesn’t support HTML5
Истамбулерчу Ататюркан цIарахчу дуьненаюкъарчу кеманийн портехь террорхойн тIелатар шинари буса 11 даьллачу хенахь хилира. Цу аэропортерчу масех видеокамерашна тIехь нисйелла талораш хуьлу мIаьргонаш.
Интернетехь баьржинчу цу камерийн гайтамашна тIехь тидам бан йиш ю, герзах воьттина цхьа стаг, шена хьалхара дIауьдуш кхерабелла нах а болуш, ведда вогIуш, цул тIаьхьа, хетарехь, полисхочо шена герз тоьхча иза охьавужу, масех мIаьрго йоккху цо лаьттахь керчахь, шен дегIаца цхьа хIумнаш дIасаийзош, гучу хьесапехь, Iожалхочун доьхка меттахдаккха гIерташ, тIаккха йоккхачу алонца эккха иза, дегIан меженаш дIаса а кхуьйсуш.
Гуш ву иштта кхечу гайтамна тIехь цуьнан накъост а, аэропортан кхерчахула Калашниковн маса топ а етташ дIасаюьдуш волу.
Ткъа хиллачун карарчу хенахь Iедалхоша юхаметтахIоттийна долу сурт иштта ду. Кхоъ хилла террорхо. Уьш аэропортан тайп-тайпанчу терминалашна чу лилхина, дуьненаюкъара рейсаш лелачу зонехь. Цкъа хьалха тешашна тIе а тевжаш, хаамийн гIирсаша даржийра, иштта кеманийн портан уьйтахь лаьттачу цхьана машенна чуьра а дара детташ герзаш, аьлла, амма и хаам цул тIаьхьа бацаре бира туркойн Iедалхоша.
Цкъа хьалха маса тоьпашца шайн ка ма-доллу алсамох нах байъа гIоьртинера террорхой, цул тIаьхьа, полисхоша шайна герзаш детта долийча, и кхоъ аэропортан тайп-тайпанчу маьIIашкахь иккхинера, шайн дегIацара Iожалхойн гIирсан гIоьнца.
Террорхоша динчу зуламан барам вуно инзаре бу – карарчу хенахь вийнарг 41 стаг ву, амма церан терахь лакхадала сахьт дац чIогIа лазийначарна юккъехь кхалхарш хилахь. Ткъа лазийнарг 239 стаг ву аьлла дIахьедар дина Истамбулан гIалин урхаллехь. Байъинчарна юккъехь 10 кхечу пачхьалкхан вахархо а, турист а ву, ткъа вуьш берш туркой бу.
Истамбулехь вехачу вайн махкахочо Исраилов Мохьмада Маршо радионе бинчу хаамца, цхьа а вайнахах стаг ца нисвелла бохаман мIаьргонашкахь кеманийн портехь. Исраилов Мохьмада иштта дийцира Маршо радионе, карарчу хенахь и инзаре тIелатар лайначу гIалахь цхьа а хIара аьлла хийцамаш бац, Iедалхой шайн болх беш хиларий бен, нахалахь хаалуш цхьа паникалле синхьаамаш а бац, аьлла.
Исраилов: „И эккхийтарш хилла кхузахь, делахь а, кхин башха кхузарчу нахана керла хIума дац иза. Хиндерг хIун ду аьлча, хетарехь, Iедало шен болх алсамбоккхур бу, чIагIбийр а бу, къаьстина дуккхаъ нах гуллучу меттехь кхерамазалла ларйар лакхайоккхуш. Бехке мила ву ца хаа цкъачунна, амма ши ницкъ бу кхузахь шеконехь.
И санна долу хIумнаш лелош Кхурдойн белхан партин векалш а бу, царах даима а хуьлу Iедалийн шеконаш. Амма иштта хIинца и керла юккъебаьлла ницкъ бу, ДаIиш, цара дина хила а сахьт дац. Цкъачунна хууш дац иза.“
Зуламна тIехьа лаьтташ верг мила ву, Исраилов Мохьмада ма-аллара, цкъачунна билгал хууш дац, хIунда аьлча цхьаммо а цкъачунна шена тIе ца эцна и тIелатар. Нагахь санна бохам хиллачу хьалхарчу сохьташкахь я Кхурдойн белхан партин тIема дакъа я ша шех Исламан пачхьалкхе олуш йолу ДаIиш тоба хила там бу аьлла шеконаш хиллехь, карарчу хенахь доккхачу декъехь ДаIишан болх хила тарлуш лору туркойн Iедалхоша и зулам.
Бакъду, материал эфирана кечйечу хенахь ДаIишо ша и терроран акт шена тIеэцна яцара.
И зулам кечдинарг а, дIадаьхьнарг а милла а хиллехь а, террорхошна дала догIучу агIор шога жоп дуьнено цхьаьна, цхьа бертахь, лург хиларе сатуьйсу ша аьлла дIахьедар дина Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Раджепа, яханчу буса террорхойн тIелатарх хаам ма-кхаьчнехь, сихонца шен урхаллин нуьцкъаллин структурийн куьйгалхошца цхьаьнакхетар дIадаьхьана волчу.
„Кхеташ ду, и атака Туркойчоьнна дуьхьал хьажийна пропагандин материал кхоллар бен кхин цхьа а Iалашо йолуш ца йинийла“, - элира цо.
Истамбулехь а, йоллучу Туркойчохь а бехаш масех эзар вайнах бу. Царех-м хьакхалур яц-те хиллачу террорхойн тIелатаран тIаьхьлонаш аьлла хаьттира Маршо радионо Истамбулан вахархочуьнга Исраилов Мохьмаде. Цо дуьйцу.
Исраилов: „Вайнахана цунах цхьа а хийцам хир бу аьлла ца хета суна. Цхьа ши де ду со вайнах бехачу йоккхачу мухIажарийн лагерехь кIира а даьккхина схьавеана. Цигахь нах чIогIа дика бохкуш бу, шайн деша а доьшуш, белхашка а оьхуш.
Хьалха санна башха политикца бала а болуш а бац уьш дукхахберш. Хила-м хуьлу и цхьаццаболу нах, цхьа къайлаха лелаш, хьере лелаш берш, ткъа уьш жандармхоша луьйцуш а нисло, цара тергонехь латтош а. Башха гуш ца хуьлу уьш. Цаьрца дерг кхин хIара аьлла ца хаа суна, и санначаьрца уьйраш ца хуьлу тхан“.
Цу юкъана Туркойчоьнан куьйгалле хилларг шайн халонга далар а, террорхошца къийсамехь шаьш цу махкана белшашгIорто кийча хилар а довзийтина кхечу пачхьалкхийн куьйгалхоша. Евробертан арахьарчу гIуллакхан коммисар йолчу Могерини Федерикас элира цу хьокъехь „Евробарт туркойн къомаца бу. Тхан дегнаш цуьнга дирзина ду“, аьлла.
Ткъа Обама Баракъан векал волчу Эрнест Джошуас элира журналисташка леринчу брифингехь: „Оха дIахьедор до, тхо тхайн НАТО тIеман альянсехь а, террорца къийсам латторехь а партнер йолчу Туркочоьнца хилар“