Your browser doesn’t support HTML5
Европе баха оьхучу нохчийн терахь лахлуш дац, шо шаре даларх, мелхо а, лакхадолуш ду иза дела денна.
Иштта кху деношкахь кхин цкъа а алсам даьлла къаьстина Германехь тховкIело еха богIучу нохчех. Цхьа могIа немцойн хаамийн гIирсаша дийцаре даьккхина, немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIе а тевжаш, Шемарий, ОвхIанерий, Иракъерий нах ца лерича, уггаре а алсамох тховкIело йоьхуш берш Германехь Оьрсийчоьнан бахархой бу.
Ткъа уьш берриш а аьлча санна Нохчийчуьра а бу бохург. Кху шеран стигалкъекъа баттахь 1260 официала Оьрсийчуьра болчу, ткъа хетарехь, нохчийн къомах болчу наха азюль ехна Германехь, немцойн урхалло дахкийначу терахьащца.
Нохчийн мухIажарийн терахь Германехь сел лакхадаларо цхьа могIа эладиттанаш а, теореш а кхоьллина немцойн юкъараллехь а, хаамийн гIирсашкахь а. ХIун бахьана ду-те цу хиламан бохуш хеттарш дека. Путинан цхьа къайлаха питана ду-те иза, мухIажарш болчуха шена муьтIахь нах Европе а хьовсийна, цаьрга цигахь къепедацарш леладайта гIерта-те иза – бохуш хоьтту Шпигел журналан авторша.
„Москохано Нохчийчоьнан неIарш схьаеллар хIун ду-те?“ - боху шеконаш йовзуьйту Ди Велт газетин корреспонденто.
Цу хеттаршна жоьпаш кхин боккъал а политикан тIегIанна тIехь леха ца оьшуш хила а тарло. ХIунда аьлча, Европе кхаьчначу вайнахаца къамеле девлча хаало, уьш шайн махках бовлийтинарг маршо лехар дуйла, царна Европехь тайнарг аьхналла а, паргIато а юйла. Цхьана нохчочо дуьйцура, ши кIира хьалха Германе дIаяхначу шен 80 шарал сов даьлла йолчу дейишас телефонехула къамеле яьлча элира шега, кхин ша дийна а йолуш, Нохчийчу юха йогIур ма яцара ша, аьлла.
Ткъа хIун ду цигахь сел доккха хIума, ахь иштта аллала аьлла шега хаьттича, цо жоп делира бохура, дийцарх кхетар вац цхьа а, стаго хIара паргIато ша лайна ца хилча, аьлла.
Бакъдолш, хийла тайп-тайпанчу Европерчу пачхьалкхашкахь хIинцале а дIатарбеллачу я тарбала гIертачу нохчашца махкахошца къамел дича, цара массара а аьлча санна билгалйоху Европехь йолу паргIатонаш. ХIора стеган, иза гIийла велахь а, онда велахь, иза къона велахь а, къена велахь а, иза хаза велахь а, ирча велахь а сий а, бакъонаш а хилар.
Адамийн а, хьукматхойн а кIеда-мерза а, лараме а хилар. ТIевахначун юхь ца яйъар, нах дера ца хилар. Иза, и адамийн кIеда-мерза хилар тайна шена бохуш дийцира Маршо радионе Австрехь тIаьхьарчу масех шарахь ехачу 78 шо долчу Дадаева Зулайс а. Ур-аттала туькнахь а маршалла хоттуш нах шена кхузахь бен гина бац ша къона-къанлуш боху цо.
Дадаева: „Кхузара адамаш чIогIа кIеда ду, хьасене ду. Лоьрийн цIийнахь а, туьканахь а хаза бистхуьлу хьоьга, маршалла хотту. Вайн цIахь нах вуно дера бу, шога бу вовшашца. Даима а луьйш бу базарахь ахь мах хаттахь а тIехьа. ТIамо дина хир ду-кх иза вайна, суна-м тIом дIабаьлча вай мелхо а вовшашца къинхетамех хир ду моьттура“.
Цу юкъана Европера хаамийн гIирсаш а, хьукматхой а шайхаллаш лелош бу, цхьа миллионал жимма сов бен доцучу нохчийн къомах болу нах сел даккхийчу терахьашца Малхбузе эхаран бахьанийн хьокъехь.
Легала боцу нах дIасалелон талорхоша даржадо политикан бахьанаш, Путинан питнаш – дукха ю цара йийцаре еш йолу теореш.
Амма, хетарехь, хIора а адамо, къаьстина сине ла ца даллала садукъдечу хьелашкахь баха Iеминчу наха еккъа цхьа шайн синна паргIато лоьхуш хила тарло бохург царна дага а ца догIучух тера ду.