Массех бутт хьалха Нохчийчоьнан Iедало лецна кхаьбначу историкех Ибрагимов Ризванах а, Дидиева Асламбеках а хьалхарчунна дуьхьал, экстремизмаллехь зуьйш, дов айдина махкахь, кест-кеста кхойкху, левеш, талламчаша шайна тIе.
И хаам баржийна зорбанехь цуьнан гергарчара. Дидиев Асламбек вац талламо цкъачунна хьевеш, амма иза хIетахь мукъавалларх ведда Нохчийчуьра, дуьйцу гергарчара.
Хьалхо и ши историк Кадыров Рамзана, мехкан телевизионашкахула а гойтуш, шена хьалха декхаре вира шаьш истори харц а, зуламе а кхетош хиларх къерахила.