Набахтехь - курортехь санна

Москохарчу Можайск кIоштерачу набахтехь кхобучу Ямадаев Сайд-Хьусейна шен Инстаграмерчу агIонтIе тоьхначех цхьа сурт.

Москохарчу Можайск кIоштан набахтехь курортехь санна ду.

Your browser doesn’t support HTML5

Набахтехь - курортехь санна

Набахтешкахь тутмакхийн Iер-дахарх лаьцна дуккха а кинош го вайна, дийцарш хеза.

Цхьайолчу филмашкахь го, олуш ма-хиллара, махьарла бахана дахка санна тоьллачу хьелашкахь, ша шен цIахь цахилар бен кхин хийцам боцуш хан йоккхурш.

Амма доккхачу декъанна бу царлахь хан токхушберш.

Кху деношкахь социалан машанехь йоккха ажиотаж гIаттийна Можайскерчу набахтехь хан йоккхучу бевзачу вежарийн ЯмадаевгIеран шичас, 24 шо долчу Ямадаев Сайд-ХIусейна Инстаграмерчу шен агIонтIе детта суьрташ, видеош а бахьанехь.

2008-чу шарахь Москох вийначу Оьрсийчоьнан Думин экс-депутатан Ямадаев Русланан шича лаьцнера Iедало Подмосковьехь талораш дарна а, долахочун езачух машен лачкъорна а.

Талламхоша дийцарехь, стохка Марсхьокхучу беттан 13-чу дийнахь шеца цхьаьна декъахой а болуш, 2 миллион мах болу «Мерседес Бенц» машен яьккхинера Ямадаев Сайд-Хьусейна, машенан дена уьрсаца кхерамаш а туьйсуш..

Машенан долахочун дийцарца полисхойн аьтто белира шолгIачу дийннехь Москохарчу Кутузовн цIарахчу проспектерчу цхьана петарчохь зуламхо лаца.

Оцу цIенна гена йоццуш машен а карийнера.

Цхьаболчу хаамашца, Ямадаев Сайд-Хьусейн ЯмадаевгIеран шича ву бохуш дуьйцу, кхечу хьосташа Ямадаев Русланан кIант лору, ткъа Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн хьукмато и информаци офицаилехь бакъ ца йо.

Амма мухха делахь а, социалан машанехь Можайскерчу набахтехь лаьцна валлочу Сайд-Хьусейна Iорадохучу суьрташа а тоьшаллаш до, мел аьхна ду цуьнан дахар.

Ютюбехь гIараяьллачу цуьнан видеотIехь гуш ду паргIатчу набахтин хIусамехь тоьллачу Iер-дахаран хьелашкахь хан йоккху тутмакх.

Низамо лело йихкина мобилан телефон, планшет а ю жимчу стеган долахь.

Дикачу тойнехь санна хIоттийна шун ду. Дакъийна жижигтIера цIазамийн биста кхачалц.

Тайп-тайпанчу даарех юьзначу стоьлан гонах хиина ву ша тутмакх ву бохург шен накъосташца. ГIалгIайчохь дикка вевзаш волу "гIалгIай Руслан" цIе лелон, криминалан авторитет а ву накъосташлахь.

Набахтин хIусамехь езачух телевизор а ю, кхача ца талхуьйтуш, шийла латториг а, тоькаца юург йен пеш а.

Кхи цхьа сурт а ду набахтерчу тутмакхийн дахарера: денна бохург санна Маршо Радионе ден аьрзнаш.

Масала, Рамадан баттахь Мордовера кхаьчначу хаамашца, цу махкарчу набахтехь мацалла кхайкхийнера 30 кавказхочо.

Шайн цIераш ца яхар доьху хаамбечара.

Цара чIагIдарехь, оцу набахтин хьаькамаша Ιазапехь кхобу къаьсттина бусулба кавказхой.

Йоьхку марха кхаба а, ламазаш дан а бакъо, бехк боцуш таΙзарш деш, шаьш сих-сиха тΙулган чоьнаш чу кхуьйсуш хилар а далхадо набахтичохь бохкучара.

Иштта леткъамаш бо церан гергарчара а.

Шен даймохк, хIусам мостагIчух герз кара а эцна ларбарна Iедало бехкевина 10 шо хан набахтехь яьккхинчех ву, тахана маьрша а ваьлла Европехь политикан тховкIело елла веха нохчо Бергман Алан. Цунна а гина социалан машанехь лаьцна кхобучу Ямадаев Сайд-ХIусейнан курортехь санна даьхна суьрташ.

Бергман: «ЯмадаевгIеран дайша иштта тIекIал а бевлла, цIазамаш а дууш хан яккхархьама дуккха а "къахьегна". Амма кхиберш Iийр бац набахтешкахь цIазамаш а дууш. Ур-атталла, цIера деана кехат а ца кхочуьйту схьа чомахь.

Москох къаьсттина, дукха хенахь дуьйнна, хIуъа а чу-ара яккха а аьтто бу СИЗО-хь, Лефортово дIаяккхича. ХIокху жимчу стагах аьлча, хIуъа а дийцича а, уьш церан нах ма бу, цундела царна цхьа а проблема яц цу чохь маьрша хан яккха.

Амма бакъду, ша цхьажимма а кийрахь дог долуш адам хилча, ша мел дика Iаш велахь а, цо хоуьйтур дацара. цуьнан боьхалла ю иза, куралла ю, сонталла ю».

Цхьаволчо дакъийна жижиг, цIазамаш дууш, вукхо ша хIуманна а бехке а ца хеташ, къиззалехь иттанаш шераш а дохуш набахтин гаттонехь, ма бес-бесара, тайп-тайпана ду Оьрсийчоьнан низам.