Туркойн Iедало чIагIдо, 90 процентна хьал пачхьалкхан ницкъийн карахь ду, бохуш. Амма гIаттамхойн карахь вуьсуш ву массех эскарийн Инарла Штабан декъашхо.
ТIеман дакъош карчамбан гIерташ хиллачу летаршкахь 194 стаг велла, царех 104 гIаттамхо а, 90 маьрша вахархо а волуш. Эзар сов стаг ву лазийна а. Iедало лаьцна 3 эзар эскархо.
ГIаттамхошкара лецначуьра схьаваккхавелларг цхьа инарла бен вац - Инарла Штабан буьйранча Акар Хулуси, бисинарш стенгахь лечкъийна латтабо хууш дац, аьлла Инарла Штабан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Дундар Умита.
Цо хаамбарехь, шоьтан буса гIаттамехь дакъалаьцна ТIеман кеманийн ницкъийн буьйранчаша а, эскаршкарчу жандармерин коьртачу хьакамо а, иштта гIагIадиллинчу техникан цхьадолчу дакъойн куьйгалхоша а.
Доккхачу декъанна гIаттамхошца дериг къастийна даьлла хьесап ду, Iедало тергойо махкарчу къепенан, дIахьедина Евросоюзца юкъаметтигаш лелоран министра Челик Омера.
Буса ша официалехь йоцчу хьостанашца, интернетехула къамелдеш президенто Эрдогана гIаттамхоша арабаьккхина некъ чекх ца баьлла, элира, амма кхайкхира халкъ гIаланийн урамашка даларе, пачхьалкханна тIебоьссина кхерам юхабаллалц.
Шоьтан Iуьйранна уллерчу Желтойн махка доьссира цхьа беракема, оцу чохь хиллачу гIаттамхоша тховкIело ехна желтошка.
Шен дош алаза ца висина Туркойчуьрчу хьолан хьокъехь Нохчийчоьнан администратор Кадыров а. Инстаграмехь цо яздо, гIаттамхой Малхбузенехьа ойланаш йолу эскархой бу, цара Эрдоганна тIеIаткъамбора чоьхьара а, арахьара а политика цуьнга шайна ма-хетта дIаяхьийта гIерташ, амма президенто ла ца догIара цаьрга, уьш цундела гIаттаме а бевлла.
Кадыровчуьнца йогIуш позици къадийна Оьрсийчоьнан Думин цхьана комитетерчу буьйранчин когаметта волчу Пахолков Олега а. Цо Туркойчохь карчамбан хьехнарг Iаьмеркан Штаташ ю, боху.