Алапаш совдевр ду …ши пIераска цхьаьнакехтча

ТIедогIучу шарахь белхан алапаш Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь уггар лаккхарчу барамехь хулуьйтур ду ша аьлла, хаамбо кху деношкахь мехкан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Кадыров Рамзана Инстаграмерчу шен пенатIехь.

Статистикин хаамашца, 2016-чу шарахь Оьрсийчоьнан бахархойн белхан алапа юкъерачу барамашкахь аьлча, 36,5 эзар сом ду.

Ткъа, тергамхойн жамIашца, оьрсийн алапа 450 долларна охьадаьлла.

Дац и Китайрчу бахархоша оьцучу юккъерчу алапе кхочуш а.

Оьрсийчоьнан Сбербанкан коьртачу аналитико Матовников Михаила даладо и дустарш.

Иштта Оьрсийчоьнан аналитикаша билгалдаккхарца, Оьрсийчохь къинхьегам аттачех лору, масала, Сербехь, Румынехь, Китайхь, Полшехь а долчу хьелашца дуьстича.

Оцу бахьанаша Оьрсийчохь заводаш йолчу дуккхаъчу компанийн аьтто бира дозанал арахьа сурсатийн экспорт ян а, и кхиош, лакхаяккха а.

Хьалхо Оьрсийчоьнан экономика кхиоран министралло экономика охьаялар сацорхьама гIоле хир ду аьллера белхан алапаш кризис эшаяллалц цакхуьуьйтуш, цхьана тIегIанехь латтийча.

Ишта царна хетарехь, 2016-чу а, 2017-чу а шерашкахь алапа лакха ца долуьйтуш халонаш лайначу бахархошна компенсацешца меттахIоттор ду хилла зенаш.

Даим санна, дийцар а хилла кехаташ тIехь дуьсур ду йозанехь аьлла, шайн йоцучу дегайовхонца дийцаредира социалан машанехь бахархоша Iедалан хьукматийн белхан алапийн хьокъехь дIахьедарш.

Кху деношкахь мехкан урхаллин кхеташоне гулбеллачу хьаькамашна хьалха ханна Нохчийчоьнан урхалла дечу Кадыров Рамзана тIелаьцна, белхахойн алапаш тIедогIучу 2017-чу шарахь Къилбаседан Кавказан мехкашлахь уггар а лаккхара хилийта.

Дуьненахь а экономикан хьал кризисан тIегIанехь хиларо йоллу Оьрсийчоь а хIоттийна халонийн киртигна буха, проблемаш цхьана Нохчийчохь хилла а ца Iа, цундела хIора а министраллин, хIора а кIоштан куьйгалхочун, хIора а Iедалан гIуллакххочун кхетамехь хила деза, вайн мехкан токхо шайх йоьзна юйла аьлла, тIе а тухуш.

ДIадаханчу шарахь Кремлан зорбанаша хаамбира президента Путин Владимира шен а, Медведев Дмитрийн а алапа 10 % охьадаьккхина ша аьлла.

Цунна тIеххье, Оьрсийчоьнна муьтIахь волчу Кадыров Рамзана а, масал а оьцуш, телевизионехь дIакхайкхийра депутатийн, министрийн, церан гIовсийн, кеп-кепарчу хьукматийн даржашкарчу нехан а алапаштIера 10 % дIахадор ю ша аьлла.

Бакъду, оцу даьллачу уьнан тIаьхье муха хилара цхьана а мехкан зорбанаша дуьйцуш Iорацаделира, амма бакъду могIарерчу белхахоша дуккха а аьрзнаш-м хазадора Маршо Радионе, тахана а хезадо, шайн ишта а ледара долчу алапашна тIера кискаш йоху Iедалдайша, бохуш.

Таханалерачу дийнахь кху дазделлачу дахарехь Нохчийчуьрчу белхахойн алапа юккъерчу барамехь аьлча 5.544 эзар сом ду.

Цу тIера цхьа дакъа куьйгалхочо чусацийча, важа дакъа коммуналан ял дIаелча, вукху батте шаьш муха доьвр ду бохуш, леткъамаш бо тхоьга, шайн цIе а, аз а эфирехь хазо ца хIуьттучу бахархоша.

Маршо Радионо теллира, мел алапа тоаме хир дара-те вайн махкахошна, шайн доьзалш хене баха.

Нажин-Юьртарчу мехах гIишлош юттуш, болх хуьлуш, дукха хьолахь, дан амал а доцуш вуьсучу вахархочо Лечас иштта элира.

Леча: «Бакъдерг дийцича, ахча-м дукха мел хуьлу а сов хир дацара. Делахь а, цхьана батте вала сайн доьзалца юккъерачу барамехь аьлча, 30 эзар сом баттахь тоьар дар-кх суна. Тахана могIарерчу белхахочун алапа уггар лакхара 15 эзар сом ду. Юучунна ду-кх и ахча, кхин дIа тоаме-м дац!"

Изза хаттар делира оха Шела-кIоштахь, бан болх цахиларна Iедало хIоттийначу ахчантIехь вехачу Аптига а.

Апти: «Шиъ бен доьзалхо а вац сан чохь, нахала ца валлал, сайн доьзал батте баккха суна 30-35 эзар сом ахча оьшур-кх. Масала, со тхан кIоштарчу хIусаман-коммуналан хьукмате балаха кхайкхинера, машентIехь болх бан. 15-16 эзар сом ахча ду цигахь хIоттийна алапа. Амма цигахь муха хьал ду аьлча, ас тоххара а бина цаьрца болх, Масех бутт болу алапа ца луш, ткъа оцу ханна цхьа лол тоха ма беза юучунна а, молучунна а».

Оцу готталлин гурашкахь садукъделла бахархой дуьне ма-дду шайн доьзалш а эцна, дахаран аьттонаш лоьхуш, даймахках буьйлу Оьрсийчуьрчу гIаланашка а, Европе.

Соьлж-ГIаларчу урамашкахь нуй хьоькхуш, шен доьзална напха латточу Залубас бакъдо, кхин дIа лол а ца беттабелла, Европан неIаре таттаделла адам, бохуш.

Залуба: «Газах 100 эзар тIедожийна, 200 эзар тIедожийна бохуш, балхахь а, некъахь а боцуш, тIедогIуш рицкъ доцуш доьзалш ма бу. Кредиташ оьцуш банкера газах ахчанаш охьадохкуш нах гина ю-кх со. Ков-керт духкуш дозанал ара дуьйлу адам а гина-кх суна.

Ирсан тIаьхье, цхьа аьтто хир бацара-те бохуш, дIаоьху уьш. Кхи хIуммаъ ца хилча а. шен доьзал бузо-х безий. Хасбеш йича, цунна тоха хи а-м дац дукхахболчийн. ХIара аьхке ялар-хиш сецор цхьаъ хуьлуш ду-кх. И дIавоьдург шаверриг а цхьа мисканиг ву-кх».

ВаларгтIерачу вахархочо Сайпуддис а довзийтира, шена хетарехь а, гарехь а Нохчийчьура бахархой махкара бийларан бахьанаш. Муьлххачу а юург кхачанан-сурстатийн туькана хьо водахь, дийнна тептарш Iохку, декхарийла а боьлхуш юург дIаийинчу нахах дуьзна, элира цо.

Сайпудди: «Дахаран гIоле хир яцара-те аьлла, паргIато лоьхуш дIаоьху и нах. Жима а суо хилча, жимма таро а хилча, со суо а вара цига дIа а вахана, ваха хьожур волуш. Балхахь боцчу нахаца бала болуш Москохара дуьйнна цхьа а вац. Вуно чIогIа гIело ловш бу нах. Муьлхха туьканчу хьо вахча, юучунна декхар бахана нах бу-кх., мел кIезга а эзарнашкахь декхар».

Йоллучу регионехь белхан алапа хьаладаккхар хIуммаъ а аттачех дац боху тергамчаша.

Республикан министрийн кабинетан куьйгалхочо Эдельгериев Абубакара меттигерчу телехьожийлехь а элира, Нохчийчоьнан гIирсаш бац цкъачунна алапаш хьалаайдан, амма некъаш лоьхур ду шаьш, аьлла.

Коьртачех бахьана хета цунна: кхечу регионашкахьчул а бераш дуьненчу довларан терахь Нохчийчохь дебаш хилар.

Ткъа Оьрсийчоьна Росстататан статисташа Нохчийчохь тIаьххьарчу шарахь 7% лахделла бераш дар аьлла даржийра.

Стенна лахделла цIеххьана бераш дар Нохчийчохь? ХIунда дIатосу махкахоша дай баьхна латта?

Жоьпаш Iедалдайн мухха делахь а, тхоьца зIене буьйлучу бахархойн дийцаршкахь леха дезачух тера ду бакъдолу жоьпаш.