ГIаттамхошна кхаллар даларна - набахте

Нохчийчуьрчу Веданан кIоштарчу кхело меттигерчу вахархочунна Хакимов Исламна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх даьккхина гIаттамхошна гIодарна. Талламаш бинчул тIаьхьа, бехкевечун дохковалар а тидаме эцна набахтехь яккха цхьа шо хан кхайкхийна Веданан кIоштан кхело.